Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Январь
2020

Новости за 18.01.2020

Radiomarsho.com 

ФСБ-но 2054 шаре кхаччалц Оьрсийчу вар дихкина Крым.Реалиин журналистана

ФСБ-но Оьрсийчу а, аннекси йинчу ГIирме а вар дихкина Крым.Реалиина болх беш волчу Украинерчу журналистана Ибрагимов Тарасана. Цунах лаьцна хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо, цу сайтан редакцина тIе а тевжаш. Дозанхоша Херсонан кIоштан а, ГIирман а дозанехь Ибрагимовга деллачу кехата тIехь аьлла ду, цунна Оьрсийчоьнан территори тIе валар  дихкина 2054-чу шаре кхаччалц аьлла. Журналисто дийцарехь, дерриг а кӀеда-мерза хилира, амма дехкар стенца доьзна бохучунна жоп доцуш ду.   Ибрагимовс шеца хилларг дузу шен журналистан балхаца... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийн культуран денош дуьйлалуш ду Шарджехь

Кхаа денна лерина нохчийн культуран денош дуьйлалуш ду кIирандийнахь Дечкен-беттан 19-хь Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкарчу Шарджа гIалахь (Шарджа эмират), хаам бо Vestikavkaza.rг сайто, Нохчийчоьнан культуран министрана Дааев Хож-Баудина тIе а тевжаш. Цу фестивалана юкъахь хьовсархошна концерт гойтур ю республикерчу пачхьалкхан "Нохчо" хелхаран тобано, ткъа илланчийн тобано хозуьйтур ду нохчийн эшарш а, иллеш а. Цул сов, Шарджехь дIахьур бу нохчийн халкъан говзанчаша куьйга йинчу хIуманийн гайтам. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Дагестанехь кафехь шина зудчунна йиттина 49 шо долчу стага

Дагестанехь шина зудчунна еттарна бехктакхаман гIуллакх долийна меттигерчу прокуратуро Хайми эвларчу 49 шо долчу вахархочун дуьхьал. Зулам дина цо Каспийск гIаларчу цхьана кафехь.   Зударшца дар-дацара хиллачу стага буйнаш бетташ тIелатар дина 51, 54 шераш долчу шина зудчун. Лазийна и шиъ охьайиллина ю гIалан дарбанан цIийне, хаам бо "Регион онлайн" зорбан гIирсо.

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь веллачу стеган дакъа карийна Барсукерчу вахархочун хIусамехь

ГIалгIайчохь веллачу стеган дакъа карийна Барсуки эвларчу вахархочун хIусамехь. Келхинарг ву 69 шо долу тIевеана стаг. Цу хьокъехь хаам бинчу «Ангушт» телеграм-канало яздо, республикехь белхан лолла хиларх лаьцна хезна дац бохуш.   Цкъачунна хууш дац цу стеган валар муха нисделла. Иза къастош бу меттигера полицин белхахой. Криминалан говзанчийн Iалашо ю и стаг валаран бахьана къастор, хаам бо "Регион онлайн" сайто.

Radiomarsho.com 

Набахтерчу тешана вевзина десантхошна тIелатар дарна кхеле озийна ши нохчо

Нохчийчохь тIом барна, бехке а вина, валлалц хан тоьхна чувоьллина волчу бехкбиллархоша юкъаозийначу тешана Хубиев Тамбийна сурташна тIехь вевзина Соьлж-ГIалара ши вахархо Дудиев Нажмудди а, Донашев ИбраьхIим а. Цо дIахьедар дина шена и шиъ гира Шуьйтан кIоштахь тIом боьдуш аьлла. Хубиевс шена Дудиев а, Донашев а вевза аьлла шега цу хьокъехь талламхоша дехар дича, ткъа цунна гайтинарш хилла шира сурташ, яздо "Кавказский узело". Шина нохчочун адвокаташа хаттарш дича Хубиевга дага ца деана шена и шиъ муьлхачу хьелашкахь гира а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Мишустина грамота елла Кадыровна ша Оьрсийчоьнан Iедалан куьйгалхо хIоттале

Оьрсийчоьнан федералан ял яккхаран сервисан куьйгалхо хиллачу, кху деношкахь Оьрсийчоьнан Iедалан куьйгалхо хIоттийна волчу Мишустин Михаила сийлаллин грамота елла Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан Iедалан куьйгалхочо Хучиевв Муслима, яздо Ura.ru хаамийн агенталло. СовгIат Кадыровна делла республикехь ял яккхаран система кхиош гIо дарна а, цигахь иза кхоьллина 20 шо кхачарца а доьзна.   Оьрсийчоьнан Iедалан коьрте хIоьттина Мишустин кху беттан 16-хь. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кеман моторах цIеяьлла Новосибирскерчу аэропортехь

Социалан машанашкахь видео яьржина Новосибирскерчу аэропортехь цIе летта йогуш мотор йолчу кеманан. Цу тIехь гуш ду лайнерх цIе хьаьрчаш хилар, хаам бо https://ren.tv/ сайто.   Болчу хаамца, Новосибирскера Камране доьдучу кеман моторах цIе летта хилла иза тIемадалале. Некъахой сихха кIелхьарбаьхна кеманчуьра.

Radiomarsho.com 

Германин бахархой терахь 2019 шарахь алсамдаьлла 200 эзар стагана

Бахархой тIекхетаран болар Германехь 2012-чу шарахь дуьйна дуьстича уггар лахарчу тIегIантIе лахделла Германехь. Амма цуьнан бахархойн терахь алсамдолуш ду, хаам бина пIераскан дийнахь Германин Федеративан Республикан статистикан урхалло. 2019-гIа шо чекхдолуш ФРГ-хь вехаш хилла цкъа а ца хиллачу кепара дукха нах – 83,2 миллион стаг. И терахь 200 эзар стагана алсам ду 2018-чу шарахь хиллачуьнца дуьстича.   Статистикан говзанчаша дийцарехь, мигранташ тIеоьхуш бацахьара Германин бахархойн терахь лахдала долалур дара 1972-чу шарахь дуьйна... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *