Дагестанехь кафехь шина зудчунна йиттина 49 шо долчу стага
![Дагестанехь кафехь шина зудчунна йиттина 49 шо долчу стага](https://gdb.rferl.org/853715C6-8D5E-48CF-97D6-53BE1089F579_w800_h450.jpg)
Дагестанехь шина зудчунна еттарна бехктакхаман гIуллакх долийна меттигерчу прокуратуро Хайми эвларчу 49 шо долчу вахархочун дуьхьал. Зулам дина цо Каспийск гIаларчу цхьана кафехь.
Зударшца дар-дацара хиллачу стага буйнаш бетташ тIелатар дина 51, 54 шераш долчу шина зудчун. Лазийна и шиъ охьайиллина ю гIалан дарбанан цIийне, хаам бо "Регион онлайн" зорбан гIирсо.