Вийна карийна Дагестанехь лоьхуш хилла ши стаг
Кхо кIира гергга хьалха Кривая Балка юьртахь вайна и ши стаг дIавоьллина меттиг карийна полицина.
Зулам динарг хила тарлуш лаьцна ХIинжа-ГIалара 50 шо долу вахархо, бехктакхам айбина цунна дуьхьал.
«Нах байар доьзна хила тарло даьллачу девнца», - боху полисхоша. Цо дийцарехь, вийна шиъ куьг-бехке хила тарлуш волучуьнца малар молуш Iийна бохам хилале.