Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Январь
2020

Новости за 26.01.2020

Radiomarsho.com 

«Ирча хелхар дарна» хIирий шена къинтIера баьхна студента-африкахочо

БуьритIехь кху беттан 25-чохь, Оьрсийчоьнан Студентан Де даздеш, ша доьшучу Къилбаседа ХIирийчоьнан университетна хьалха маьттаза хелхар дарна студент-африкахо а, цунна меттигера гIиллакхаш ца хьехна кегийрхой а емалбеш къамелаш даьржира социалан машанашкахь. Оцу бахьаница, халахетарца, студенто «официалера барам бирзича, цадогIучу кепехь» динчу хелхаран мах хадош, релиз яржийра университетан куьйгалло. «Оха къестош бац студенташ вовшашлахь. Амма тидаме оьцур ду хилларг. Инцидентан декъашхошца... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Серлонах ахча дIадалаза кхечу пачхьалкхе ваха йиш яц

Къилбаседа ХIирийчуьрчу пурстоьпийн «Iаьржачу тептара» язвина махкара 1300 вахархо – стохка ягийначу серлонах ахча дIа ца делла цара хIинца а. Кхечу пачхьалкхашка баха, туристаш хила йиш яц оцу нехан шайна тIехь декхар а долуш. «Iаьржачу тептара» воккху 30 зар соьмал сов декхар тIехь дерг, хаамбо электросерло юхкучу "Севкавказэнерго" урхаллин пресс-гIоьнчалло. Ницкъаша, пуьрстоьпийн гIоьнца дIалучу декхарна тIекхета 7%, цо бахарехь. «Декхарш кеп-кепара ду, бIе эзар соьмал сов тIехьарчийнарш а бу»... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Вийна карийна Дагестанехь лоьхуш хилла ши стаг

Лаха кхайкхийна хилла 46 долу Окружко Сергей а, 40 шо долу Белокобыльский Виктор а дийна вац, хаамбо Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин пресс-гIоьнчалло. Кхо кIира гергга хьалха Кривая Балка юьртахь вайна и ши стаг дIавоьллина меттиг карийна полицина. Зулам динарг хила тарлуш лаьцна ХIинжа-ГIалара 50 шо долу вахархо, бехктакхам айбина цунна дуьхьал. «Нах байар доьзна хила тарло даьллачу девнца», - боху полисхоша. Цо дийцарехь, вийна шиъ куьг-бехке хила тарлуш волучуьнца малар молуш Iийна бохам хилале.

Radiomarsho.com 

Дигорхойн диалектехь йолу программаш дIаяха тарло телеканалера

Дигорхойн диалектехь еш хуьлу эфираш совцо еза, уьш редакцин политикаца ца йогIу, аьлла Къилбаседа ХIирийчоьнан пачхьалкхан телеканалан куьйгалхочо Гудиев Тимура. Оцу хьокъехь социалан машанашкахула орца кхайкхийна дигорхойн театран актёро Дашити Ирбека. Ша Гудиевца къамел дира, массо а ца кхета дигорхойн диалектах, иза эфирашкара дIайоккхур ю боху цо, дуьйцу Дашитис. Актеро даьккхинчу орцано гIара айина социалан машанашкахь. Дуьйцург бакъ ца хиларе догдоху ша, яздо интернетехь Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин депутата Макиев Зураба. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Ялх хьелийн ферма юьллур ю ГIалгIайчохь

5400 бежана кхаба ялх хьелийн ферма йилла дагахь ду ГIалгIайчуьра Iедал. Оцу бахамо кхачо йоллуш шура а, жижиг а латтор ду махкана, боху ГIалгIайчоьнан юьртабахаман министран гIовса Албаков МухIажира ТАСС агенталлехула. Цо дийцарехь, комплексаша аьтто бийр бу бахархошна лахарчу мехах жижиг, шура, тIо, кIалд латто.

Radiomarsho.com 

ГIалгIазакхашна йина геноцид дагалецира БуьритIехь

БуьритIерачу килсехь дагалаьцна гIалгIазакхашна Iедало таIзардина 101 шо дузар. «Хилларг дицдиначохь хиндерг дац, олу. Цундела хаа еза истори, йовзийта еза иза берашна, берийн берашна, тIаьхьенашна», - элира "Кавказ.Реалиига" Владикавказ станицин куьйгалхойх волчу Климов Виктора. 1919-чу шеран юьххьехь «цIечу комиссаран» Свердлов Якован омрица Къилбаседа Кавказера гIалгIазакхий литтина Советан Iедало, байина, махкахбаьхна иттаннаш эзарнаш. Къилбаседа ХIирийчуьрчу репрессешкахь билггал мел белла гIалгIазакхий хууш дац ... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *