Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Нухажиев тIехIоьттина набахтехь волчу Кадыровн векална

Нохчийчуьрчу омбудсмено Нухажиев Нурдис Оьрсийчуьрчу шен коллеге Москалькова Татьяне а, гIалин прокуроре Попов Денисе а кехат дахьийтина, махкарчу Цицулаев Рамзанан конституцин бакъонаш Iалашъярца. Лаьцначун хIусамнанас Цицулаева Розаз дехар дина шега аьлла Нухажиевс. Зудчо бахарехь, бехкзуламан гIуллакх дуьхьал а даьккхина, 18 бутт бу цуьнан цIийнда лаьцна Москвахь волу.


Цхьа могIа кеп-кепара лазаршца ву шен цIийнда, хIетте а изолятор чохь латтош ву иза, цунна оьшу лоьрийн дарба а доцуш. Цул совнах, кхеле иза дIасалелочу машен чохь вентиляци а яц, шийла а хуьлу, цуьнан дIасавигар ворхI сахьте долу аьлла, латкъамбина Цицулаева Розас.


Оьрсийчоьнан низамашца, лаьцначуьнца хала лазар гучудалахь, цунна таIзар малдан бакъо хиларна тIе терго узу Нухажиевс. И дерриг а чоьте а эций, Цицулаевн гIуллакх аттачу даккхар доьху нохчийн омбудсмено.


Оьрсийчоьно а, Нохчийчоьно а дуккха а совгIаташ дина Цицулаевна, политологин Iилманийн кандидат а ву иза аьлла, билгалдаьккхина Нухажиевс.


 Маршо Радионо яздира шен сайтехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Украинехь векал лаьттина Цицулаев Рамзан сацийна Брянск кIоштахь аьлла, Росбалтан хаамшан тIе а тевжина 2017-чу шеран ГIуран-баттахь.


Талламчийн версица, 2014-чу шарахь бизнесхо Закриев Iела лачкъа а вина, цуьнгара 100 миллион сом даккха гIиртинчу тобанца хилла ву иза.


2014-чу шеран ГIуран-баттахь федералан лехамашка веллера Цицулаев. ТIаьхьо, иза Оьрсийчохь цахилар къаьстича, дуьненаюкъарчу лехамашка велира. 2017-чу шеран гурахь Оьрсийчохь каравеана Цицулаев, Москохарчу СИЗО-хь латтош ву.


Карладоккху, дахначу шарахь йоьдучу шен пресс-конференцехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана элира, оьрсийн набахтешкахь нохчийн тутмакхашна тIехь ницкъбарх журналисто шега хаьттича: "Шаьш курорте дохуьйутуш ду моьттура царна? Цара зуламаш лелийна: нах байина, лечкъийна, къоланаш дина, машенаш идийна. Набахте яй иза-м. Кисловодскера санаторий ма яц иза. Дера хIета ледара хьелаш а хир ма ду".

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *