Зорбанаш: зуламаш дина Шемара жихIадхо лаьцна Францехь
Шеконаш ю, 2013-2016-чу а шерашкахь Шемахь цо тIеман зуламаш лелийна аьлла. Дуьйцург ду, 2011-чу шарахь Политковская Аннин цIарах совгIат дина адвокат Зайтунех Разан а, цуьнан хIусамда а, белхан ши накъост а лачкъийна дIабигина, байар.
Адамийн бакъонашларъяран организацеша шаьш кийча ду аьлла, и гIуллакх толлуш гIо дан. Ишта цара тIечIагIдина, Марселехь лаьцна студент Джейш аль-Ислам тобан куьйгалхойн гонашкара ву аьлла.