Бертаза тоьшаллаш даьхна шегара аьлла Астраханехь лаьцначо
"Со кагвинера, сийсазвинера тIехь Iазапаш а латтийна. Со Iадийнера, пачхьалкхан хьукматехь – гIали юккъерчу СИЗО-чу а лилхина, туьтмIаьжгаш йоьхкинчу наха еттарна", - аьлла бехкевечо.
Талламан комитете а, Инарла прокуратуре а, Оьрсийчоьнан президенте а, омбудсмене а ша кехаташ яздира, амма тергал ца вина ша аьлла, дийцина Имангазиевс, дуьйцучу зуламан ша бехке вац аьлла, дIа а хьедеш.
Йоьдучу кхеле ца битина кIентан гергарнаш, видеохула тесначу зIенехь хеттарш дина цуьнан дега а, нене а.
"Сайн кIантах лаьцна ала цхьа а вониг дац сан. ВорхI беран да ву иза. Суна дика гIоьнча а вара иза. Лулахошца дика юкъаметтигаш яра цуьнан. Молуш а, узуш а вац. Маьждиге лела, цунна цхьаммо а цкъа а дина арз а дац", - аьлла нанас Имангазиева Жаната.