Нохчийчохь зудчуьнга нах шена къинтIера бахийтина, махка коронавирус кхаьчна аьлла, эладита даржорна
Цо ша яржийначу аудио чохь боху, Соьлжа-ГIаларчу аэропортехь тест эцна Германера цIаеъначу зудчуьнгара, цуьнца коронавирус карийна. Иза бахьана долуш, и чуйиллина дарбан цIа дIакъевлина Iедало, бохуш юьйцу зудчо Аьрга-Хишкара дарбан хIусам.
Шена и хаам маршрутан такси чохь хезнера, цундела баржийра ша иза ватсапехула, боху Джабаевас телеканалан сюжетехь. Зудчун вашас нахе къинтIера бовлар доьху шен «йишас, ойла а ца еш, даржийначунна».
Оьрсийчоьнан хьашташ тергалдечу Роспотребнадзоран Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочо Термулаева Ритас хаийтина, дозанал арахьара махка цIавеъча, карантине хьажийна 110 стаг воцург, республикехь вирусца бозуш цхьа а битам боцийла. Ткъа оцу карантине хьажийначу нахах ун хькхаделла ала дац цкъачунна.