Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Март
2020
7
8

Новости за 20.03.2020

Radiomarsho.com 

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (20.03.2020)

Карантинах чекхвала веза дозанал арахьара цIавогIург, Францехь коронавирус кхетта кхоалгIачу нохчочунна, Махка ун кхаьчна аьлларг - телеканале, Къилбаседа Кавказехь йорах йо петарш (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Radiomarsho.com 

Ши нохчо Оьрсийчоьне дIавала сацам бина Австрино

Интерполехула дIавоьху ши нохчо Оьрсийчоьнан каравала сацам бина Австрино. Экстрадици ян кечвеш ву Сайтаев Адам а, Дидигов Висита а. Сайтаевн 33 шо ду, заьIап а волуш веана иза Австре - бIаьрса доцуш а, куьйган пIелгаш даьхна а ву иза. Хилла вац я Нохчийчьурчу а, я кхечу мехкашкарчу а тIемашкахь, 1-чу группан заьIапхо ву 2013-чу шарахь дуьйна. Дидигов вина 1973-чу шарахь, Австрино хан хаьлха мухIажиран статусе а ваьккхира иза. Амма цуьнга а даийтина, Оьрсийчоьно дIавоьхуш а воццушехь, махкара аравоккху аьлла кехат. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кхарачой-Чергазийчохь юьртда бехкево лаьттанашца хьарамло лелорна

Кхарачой-Чергазийчуьрчу «Дружба» юьртан администрацин куьйгалхочунна духьал, цо юьртан латтанашца хьарамло лелорна айдина бехктакхаман гIуллакх зийна бевлла талламчаш, боху "РБК-Кавказ" портало. Юьртдас маьхаза меттигерчу бахархошна тIеяздина лаьттан ши дакъа – хIора а 1,2 эзар кв. метр. Кадастран мах бу церан 930 эзар сом. Цул тIаьхьа доьхкина и дерриг латта, ткъа схьаэцна ахча ца даьккхина юьртан администрацин дола. Даржо лучу бакъонел совваларна юьртдена дуьхьал айдина дов кхачийна Прикубански кIоштан кхеле.

Radiomarsho.com 

"Тхан дан хIума дац". Кхечу пачхьалкхашкара цIа бахка аьтто бац туристийн

Артиклан автор ву "Настоящее Время" телеканалан корреспондент Гребенюк Иван Мел лахара а 15 пачхьалкхехь эзар украинхойн туристаш бу шайн даймахка кхача аьтто боцуш, карантинна тIехула тоьхна дозанаш бахьана долуш. Цхьаццанхьа дозанаш дIакъевлина, цхьайолчу пачхьалкхашка лела кеманаш совцийна. "Настоящее Время" телеканалан корреспонденто дуьйцу церан исторех. Украинерчу туристан Дехтярев Виталийн Фейсбукерчу агIонех тревел-блогеран аккаунт хилла. Иза а, цуьнан 5 доттагI а Норвегерчу Альта гIаличохь висина. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь йо уггаре йорах гIишлош

Къилбаседа Кавказан республикашкахь ечу гIишлойн мах массанхьачул а лахара бу, хаамбо ТАСС агенталло. Квадрат-метрах ГIалгIайчохь доьху 28 эзар 800 сом, Нохчийчохь – 29 эзар 700 сом, Гебарта-Балкхаройчохь – 30 эзар 200 сом. Оьрсийчохь ечу гIишлойн юккъера мах тIаьххьарчу шина шера чохь 23% гергга лакхабаьлла, кхаьчна 80 эзар 800 соьме. Агенталло бахарехь, массанхьачул а яккхий, паргIат ю Къилбаседа Кавказехь ен хIусамаш. Петаран юккъера барам бу ГIалгIайчохь 90 квадрат-метр, Нохчийчохь – 72 метр. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь зудчуьнга нах шена къинтIера бахийтина, махка коронавирус кхаьчна аьлла, эладита даржорна

Нохчийчуьрчу Джабаева Залинас «Грозный» телеканалехула шена къинтIера бовлар дехна нахе, Аьрга-Хишкара (Серноводск) дарбан хIусамехь коравирус кхетта адамаш ду, аьлла, хаам баржорна. Цо ша яржийначу аудио чохь боху, Соьлжа-ГIаларчу аэропортехь тест эцна Германера цIаеъначу зудчуьнгара, цуьнца коронавирус карийна. Иза бахьана долуш, и чуйиллина дарбан цIа дIакъевлина Iедало, бохуш юьйцу зудчо Аьрга-Хишкара дарбан хIусам. Шена и хаам маршрутан такси чохь хезнера, цундела баржийра ша иза ватсапехула, боху Джабаевас телеканалан сюжетехь. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Абхазина а, Къилба ХIирийчоьнна а, Донбассна а коронавирусна дуьхьаьллатта гIодан деза Оьрсийчоьно, боху Пачхьалкхан Думин депутаташа

Коронавирусах халкъ Iалашдарх лаьцна къамел деш, Пачхьалкхан Думерчу Йозушйоцчу Пачхьалкхийн Цхьаьнакхетараллин (СНГ) гIуллакхашкахула йолчу кхеташонан куьйгалхочо Затулин Константина Оьрсийчоь декхаре ю аьлла шаьш-шайггара маьрша евллачу "пачхьалкхашна", Абхазина а, Къилба ХIирийчоьнна а коронавирусна дуьхьаллатта аьтто бан. "ХIинца вай Оьрсийчоьнан Федерацин бахархойн гIагIабеш Iаьчу юкъанна хьахо беза дозанал арахьа болу вешан нах а. Уггаре хьалха – Абхази а, Къилба ХIирийчоь а. Оцу мехкийн суверенитет уггаре хьалха къобалйинарш вай ду... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кхарачой-Чергазийчохь баттана лахдеш ду маьждигашка лелар

ТIебогIучу беттан 20-чу дийне кхаччалц маьждигашка лелар лахдина бахархошна, ткъа иммунитет ледара йолчу баккхийчарна хьоьху Далла Iамал цкъачунна шайн цIахь яр, хаамбо obzor.io портало. Документ арахецначу Кхарачой-Чергазийчоьнан имама Бердиев ИсмаьIала шен хьехам бузу коронавирус яьржаш хиларца а, мехкан Iедало адам дукха гуллуш болу барамаш боьхкуш арахецначу омрица а. Оцу кепара дехкарш дина луларчу Ставропол-махкахь а. Цигахь яцйина маьждигашкахь ламаз ден хенаш, паргггIат воьдийла дац Делан хIусамашка.

Radiomarsho.com 

Муха гIодан деза коронавирус бахьанехь стресс ловчу беранна

Коронавирус яржарца доьзна цIахь кхобучу берашна кула яла тарло, цунах уьш лардан деза, боху Дуьненаюкъарчу могашалла Iалашъечу организацино. Муха гIодан догIу берашна иштачу хьелашкахь? Оцу хаттарна жоьпаш ло могашаллин урхалло.

Radiomarsho.com 

Францехь кхоалгIачу нохчочо а лаьцна коронавирус

Францерчу Ницца гIалахь рогIерчу нохчочунна а кхетта коронавирус. Хьалхо оцу цамгарх чекхвелира цигахь веха кхин ши нохчо. Хьалхо пехаш лозуш дарбан хIусаме кхаьчийна 60 шо долу и вахархо. Амма цигахь гучудаьлла цунах даьржина лела ун хьакхаделла хилар. Реанимацехь массех де а даьккхина, карарчу муьрехь толуш вогIу иза, хаамбо цуьнан гергарчара.

Radiomarsho.com 

СКФО кийча ю коронавирусна дуьхьал яла

Материал кечйинарг Волкова Алиса ("Кавказ.Реалии") Къилбаседа Кавказерчу Федералан Гонашка кхаьчна яц коронавирусан эпидеми. Оьрсийчоьнан регионашлахь иза цхьа меттиг бу ун даьлла стаг воцуш. ХIетте а регионашкахь беш кечамаш бу, нагахь санна COVID-19 шайна чу кхачахь а бохуш. Къилба ХIирийчоь Карарчу беттан 18-чохь дуьйнна Къилба ХIирийчоьно шаьш кийча ду аьлла, дIахьедина, нагахь санна вирусан ун чукхачахь. Мехкан куьйгалхочо Битаров Вячеслава тIедилларца, "коронавирусан ун даьржинчу меттигашкара... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Карантинах чекхвала декхаре ву дозанал арахьара цIа мел вогIург

Оьрсийчоьнан аьттонаш тергалбечу хьукматан (Роспотребнадзор) куьйгалхочо Попова Аннас динчу омрица а догIуш, дозанал арахьара, муьлххачу а пачхьалкхера, Оьрсийчу юха мел воьрзу вахархо декхаре ву 14 дийнахь карантинехь Iан. Документ довзуьйту Оьрсийчоьнан низамийн портало. Шен цIахь доьзалх хьулвала таро йоцчунна Роспотребнадоро хьоьху карантин дарбан цIийнехь дIаяхьар. Омрано тIедожадо дозанал арахаьра цIавеъначунна, тергоечу хьукмате телефон а тоьхна, ша хилла меттигаш а, нахаца лелла юкъарлонаш а довзийтар. Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *