Оьрсийчоьно шен доллу дозанаш дIакъовлуш ду
Оьрсийчохь коронавирусан ун кхетта 1264 стагах. ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а кхин а 228 стаг тIекхетта царна. 26 Оьрсийчоьнан регионехь яьржина COVID-19. Велла унах 7 стаг.
КIирандийнан хаамашца, Санкт-Петербургехь коронавирусах дуьххьара стаг велла. Боткинан цIарахчу дарбан хIусамехь хиллера иза. ГIалин губернаторо Беглов Александра бина цунах хаам, яздо "Интерфаксо".