Белхан меттигаш кхоьллинчу регионийн рейтингехь ю Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а
10-чу меттигехь дIатаръелла Нохчийчоь: 23, 3 эзар белхан меттиг кечбина республикехь (4,5%).
Къилбаседа Кавказан Федералан Гонийн кхин а кхо регион- Ставрополан кIошт а, Дагестан а, ГIебарта-Балкхаройчоь а хIоттийначу рейтинган хьалхарчу 20 меттигехь нисйина.
Уггар а белхан къоьлла йолчу регионашлахь лахарчу позицехь ю Къилба ХIирийчоь (60-гIа меттиг).

