Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Апрель
2020

Новости за 13.04.2020

Radiomarsho.com 

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (13.04.2020)

Коронавирусан яржар а, арахь бисина нах а, цу тIе дIаяйна белхан къоьлла а (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Radiomarsho.com 

Белхан меттигаш кхоьллинчу регионийн рейтингехь ю Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а

ТIаьххьарчу кхаа шерачохь белхан меттигаш шоръелла аьлла, хIоттийначу рейтингехь нисъелла ГIалгIайчоь а, Нохчийчоь а. Талламаш дIабаьхьна хилла «Новости» аналитикан центро. БорхIалгIачу могIарехь ю ГIалгIайчоь: 15, 8 проценте кхиъна белхан меттигийн терахь. 10-чу меттигехь дIатаръелла Нохчийчоь: 23, 3 эзар белхан меттиг кечбина республикехь (4,5%). Къилбаседа Кавказан Федералан Гонийн кхин а кхо регион- Ставрополан кIошт а, Дагестан а, ГIебарта-Балкхаройчоь а хIоттийначу рейтинган хьалхарчу 20 меттигехь нисйина. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Яьсса Стамбул – коронавирус бахьнехь шахьарахь комендантан сахьт кхайкхийнера дахначу мукъаденошкахь

Шен 2000 шеран оьмарехь цкъа а ца хилла Стамбулехь ишта парг1ат. 16 миллион вахархо вехачу шахьарара урамаш даьсса го. Туркойчоьнан Iедало шина денна комендантан сахьт кхайкхийнера ун цадаржийта.

Radiomarsho.com 

COVID-19 вирус къаьстина ГIалгIайчохь кхин а 5 вахархочуьнца

Оршотдийнахь бинчу хаамашца, ГIалгIайчохь кхин а пхеа стагах коронаиврусан инфекци гучуяьлла. Верриг а республикехь ун даьлла ву аьлла, официалехь дIакхайкхийна 34 вахархо. Махкарчу оперативан штабан информацица, кхин а 40 вахархочунна ун даьалла хилар гайтина дуьххьара йинчу тестийн жамIаша. Карарчу хенахь Ставрополерчу референс-центрера тIаьххьара жамIаш кхачаре хьоьжуш бу Iедалхой. Наьсарарчу дарбан цIийнехь Iуьллуш ву 59 COVID-19 тIечIагIйина дархо. Царех 10 реанимацехь ву.

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь тIаьххьарчу цхьана буса коронавирусан ун даьлла 2558 вахархочунна

ТIаьххьарчу дийнахь-бусий Оьрсийчоьнан 62 регионехь коронавирусан ун даьлла 2558 вахархочунна. 82 регионехь COVID-19 вирус кхеттарг ву хIинца 18328 стаг. Уггар а дукха цомгаш нах билгалбаьхна Москвахь - 1355. Москван кIоштахь - 495. Санкт-Петербургехь ву 121 стаг. ТIаьххьарчу буса велла 18 пациент. Эпидеми яьржичхьана Оьрсийчохь 148 стаг ву велларг. COVID-19 пандеми бахьана долуш, Оьрсийчоьнан йоллу регионашкахь карантин ю кхайкхийна. Болх беш яц кафеш а, ресторанаш а. ДIакъевлина дешаран хьукматаш а.

Radiomarsho.com 

Уггар а кIезиг зуламаш лелийначу Оьрсийчуьрчу регионашлахь ю ГIалгIайчохь

Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан зерашца, карадеанчу шеран хьалхарчу шина баттахь уггар а кIезиг зуламаш лелийна ГIалгIайчохь, хаамбо "Кубанские новости" гIирсо. Урхаллан информацица, билгалъяьккхинчу хеначохь 322 зулам дина ГIалгIайчохь. Алсам къепе йохийна меттигаш билгалбаьхначу тептарехь ю Москва - 23, 9 эзар зулам дарца. ШолгIачу меттигехь ю Москван кIошт - 12,1 эзар зуламе гIуллакхаш лелийна цигахь. ХIоттийначу рейтинган 3-гIа могIа дIалаьцна Краснодаран кIошто.

Radiomarsho.com 

Делимханов: Соьлжа-гIала догIучу кемана хаале коронавирусан тестех чекхвала веза хIора а

Нохчийчоьнан урхалхочун гIоьнчас, пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама инспекци йина Серноводскан кIоштарчу "Кавказ" постехь. "Мехкан ден цIарах оха масийттазза кхайкхамбира, регионна арахьа бисинчу нахе, шаьш цIа догIуш дIахIоттийначу процедуран барам ларбе аьлла. Делахь а, цхьа бен-башха ца хета нах, низамаш ца лардеш Нохчийчу бахка гIерташ дозанехь меттигаш нисбеллера". Ишта цо тIетоьхна, цу тайпа леларо шайна кхерам латтийна ца Iаш, Нохчийчуьрчу боллу бахархошна а бале бовлу и нах аьлла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчоь: ун даьлла 49 стагна, велла 5

КIиран суьйранна Нохчийчуьрчу могушаллин министро Сулейманов Эльхана бинчу хаамашца, махкахь коронавирусах 5 велла, ун даьлла 49 стагна. Ишта цо дийцарехь, 1033 вахархо лоьраша зуьйш ву. Коронаиврусан унах дIацIанвелла 15 стаг. "Юха а кхайкхамбо ас, ларлуш хилахьара шу. Тоьхначу дозанан барамаш аш ларбеш хилча, Европан цхьайолчу пачхьалкхашкахь лаьтта хьал ца хила тарлора вайн республикехь", - аьлла министро. Билгалдоккху, Оьрсийчохь 15700 вахархо ву ун даьлла, 130 велла, 1291 вахархочунна дарба хилла.




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *