Коронавирусах 3 стаг велла Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса
Къилбаседа Кавказехь кхин а 399 стагехь гучуяьлла COVID-19, велла дийнахь-буса 3 вахархо.
Коронавирусна дуьхаьлоечу штабо хаам барехь, цхьацца вахархо кхелхина Кхарачой-Чергазийчохь а, Краснодаран а, Ставрополан а мехкашкахь а.
Юхьанца дуьйна велла уьнах Къилбаседа Кавказехь 62 стаг.
ТIаьххьарчу дийнахь а, коронавирус яьржичхьана схьа а довзийтина терахьаш ишта ду:
Дагестан +103 (827 юьхьанца дуьйна схьа)
Краснодар-мохк +73 (780)
Къилбаседа ХIирийчоь +43 (348)
Кхарачой-Чергазийчоь +42 (282)
ГIалгIайчоь +37 (552)
Ставропол-мохк +36 (421)
ГIебарта-Балкхаройчоь +28 (300)
Нохчийчоь +22 (409)
Адыгей +15 (134)
Верриг а ун хьакхаделларг ву Къилбаседа Кавказехь 4053 стаг, ткъа ерриг а Оьрсийчохь - 80 949.