Азербайджанан-Оьрсийчоьнан доза делларе хьоьжуш Iа массийтта бIе стаг
Дагестанерчу Дербентан кIоштахь 600 гергга стаг ву, шайн-шайн цIакхача араваьлла, Оьрсийчоьнан-Азербайджанан доза делларе хьоьжуш.
КIоштан куьйгалхочун декхарш кхочушдечу Шихаев Фуада шен инстаграм-агIонехь бахарехь, дозане гуллуш бу нах хIинца а.
Цо дийцарехь, IаьIначу нахах цхьаберш хьешан цIийне а, маьждиге а, садоIучу базе а дIатарбина, кхечара хан йоккху бухарчу бахархойн хIусамашкахь.
Нах дозане хьалхийтинарг ю фейк - хабарш хилла даьржина, Азербайджано Стигалкъекъа-беттан юьххьехь схьадоьллу коронавирус бахьанехь къевлина доза, аьлла. Ишта довзийтира "Кавказ.Реалиина" меттигерчу бахархоша шайн кIошта нах гулбалар.
Меттигерчу хьосташа бахарехь, 200 гергга стаг ву дозанна гергарчу бахархойн гаражашкахь а, майданашкахь а буьйсанаш токхуш.