Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Австрера нохчий а, коронавирус а

Карантинан хьелашкахь къаношна а, цомгашчарна а гIо деш, Венехь бехачу нохчийн кегийрхоша акцеш дIахьо. 16 шарера 25 шаре бевллачу кегийчу наха, эца а оьцуш, хIусамашка дIакхачадо кхачанан сурсаташ а, цомгашчу нахана оьшу молханаш а.


Хууш ма-хиллара, коронавирусан эпидеми яржар бахьана долуш карантинехь бисина къаной уггар а аьтто боцуш, Iаьткъа нах бу. Маса ун дала кхерам болчийн тобанехь лоручу церан аьтто бац чуьра арабийла. Цундела Нохчийчуьра схьабевлла мухIажарш йоллу Австрехь дIахьочу гIоьналлин акцех дIакхийтира.


"Коронан заманчохь гIо дар" аьлла, цIе тиллина тоба вовшахтоьхна цара. Шайгара гIо латтадо кегийрхоша лулахь а, официалан структурашкахула а.


Кегийчу нахах цхьана декъо регистраци йина Австрин ЦIечу жIаро схьайиллинчу "Австрин Тоба" (Team Österreich) сайтехь.


"Сан денана Нохчийчохь цхьана эвлахь ехаш ю. Цунна уллохь бу цуьнан доьзал а, берийн бераш а. Суна гуттар а къахетара, цхьаллехь бисинчу къанойх. Цундела доккхачу хазахетарца дIакхийтира со баккхийчу нахана гIо латточу акцех", - аьлла дийцина 19 шо долчу Венехь вехачу Ахмадов ИбрахIима.




Ша а, шен доттагIаша а координацин центрехула телефонашкахула лоьху орца оьшу нах. Царна оьшучух тептар а хIоттадой, схьаделлачу адресашца дIасакхоьхьу шаьш эцнарг, боху Ахмадовс.


Шайн клиенташна ун ца далийта а, иштта шаьш Iалашдан а, оьшуш болу барамаш ларбо цара.


Дуьххьара нохчийн кегийрхойх тоба вовшахтоха Iалашо хилира "Австрера нохчийн наной" ("Чеченские матери Австрии") юкъараллан организацин жигархойн. Цара дIатуьйхира кегийрхой координацин центрах, болх кхерам а боцуш, сихонца бан аьтто хилийтархьама.


Коронавирус яьржинчу кху муьрехь Австрехь бехачу нохчийн хIара цхьаъ хилла ца Iа инициатива. Масала, "Австрерчу нохчийн а, гIалгIайн а Кхеташонан" Iуналлица волонтерийн тобано сурсаташ а, молханаш а латтадо гIо оьшучу нахана.


Кеп-кепарчу зерашца, Австрехь беха таханалерачу дийнахь 25 эзарна тIера 35 эзарна тIе кхаччалц нохчий.


Хьалха "Кавказ.Реалии" портало яздира, Нохчийчуьрчу мухIажарша Польшехь вирусан инфекцех ларвен медицинан масканаш тега йолорах.






 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *