ТIехьа-Мартанан кIоштарчу дарбан цIийнан лаборант кхелхина COVID-19 вирусах
Маршо Радионо хьалхо хаам бина ма хиллара, Нохчийчохь велла лоьрийн сихаллин гIо кхачочу республикан станцин коьртачу лоьран гIовс Айдамиров Рамзан. Дийцарехь, коронавирусан ун даьлла хилла Айдамировна. 37 шо долу лор-уролог, республикерчу шен белхан накъосташлахь тоьллачех лоруш хилла.
ТIаьххьарчу хаамца, COVID-19 вирус кхетта ву Нохчийчохь 813 вахархо. Дарба хилла 466 стагана, кхелхина 9 дархо.

