ХIирийчуьрчу цомгашчу йоIана 23 миллион сом гулдина Оьрсийчуьрчу йиш лакхархочо Крид Егора
Цхьа наггахь бен хуьлуш доцу генетикех хаькхалун лазар токхуш ю йоI. Цунна дарбанна оьшу 160 миллион сом.
Сингаттамана юьстах ца виссина Кридан коллега, хIирийн рэпер MATRANG а. Арнеллина дарбанна 1 миллион сом хьажийна цо. Иштта йоIана гIо дар доьхуш, кхайкхам бина цо шен агIоне язвеллачу Москварчу "Спартак" клубан капитане Джикия Георгийга а, футболхочуьнга Кокорин Александре а, йиш лакхархочуьнга Киркоров Филиппе а, журналисте Познер Владимире а, хIирийн рэп олучу Miyagi & Andy Pandе а, латархочуьнга Гассиев Мурате а.
"Вечерний Ургант" шоун официалан аккаунтехь зорбане яьккхина а ю цу хьокъехь информаци.
Дагадоуьйту, Къилба ХIирийчуьрчу йоIана кхачам боллуш дарба дан оьшучу препаратан мах 160 миллион сом бу. Zolgensm цIе йолу маха дуьненчохь а уггар а механа безачех бу. Берана ши шо кхачале иза тоха аьтто хилахь, пайда болу цунах. Цундела Арнеллина тIе ца тоьаш долу 65 миллион сом гулдан дезаш ду карарчу беттан 30-чу дийне кхачале.

