Инстаграмера Кадыровн аккаунт дIакъевлина юха а
Республикерчу Iедалан векалша инстаграмера шайн агIонаш официалан яц олура, жигара уьш лелош йоллушехь.
Маршо Радионо яздира стохка а Кадыровн инстаграмера аккаунт дIакъовларх. Иштта 2017-чу шарахь а къевлира цуьнан фейсбукера шира агIонаш. Iамерко "Магнитскийн тептаре" Кадыров ваккхарца доьзна, блок тоьхнера социалан машанашкарчу цуьнан агIонашна.
Цул тIаьхьа Кадыровс дIахьедира, Нохчийчохь Mylistory аьлла, керла социалан маша кхолларх а, ша цу чохь аккаунт елларх а лаьцна.

