₽27 000000 гIо хьажийна Дагестанна Туркойчоьно
Стигалкъекъа-беттан 24-чохь, Марха достучу дийнахь, дIакхача тарлуш ду Туркойчуьра Дагестане хьажийна сагIа.
Республикерчу Iедалан векалша бахарехь, Дагестанна гIодар дийцаредира хьалхо Путин Владимира а, ЭрдохIан Реджепа а, ткъа кир махка дIакхочор а, цигахь дIасабекъар а тIедиллина Оьрсийчоьнан могашаллин министрана Мурашко Михаилна.
Дуьненаюкъарчу "ЦIечу ЖIаран" Туркойчуьрчу декъан директора Алтан ИбрахIима хаитина ЭрдохIанан омрица гуманитаран гIо вовшахтоьхнарг шен хьукмат а, Туркойчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралла а хилар.
Новкъабаьккхинчу киран мах 2 миллион 600 эзар лира бу (27,5 миллион сом).
Алтан ИбрахIима дийцарехь, 100 эзар кхузза тIекIел тегна масканаш а, 20 эзар уьнах дегI Iалашден комбинезон а, 20 эзар уьнах бIаьргаш хьулбен куьйзганаш а, хIо кечден 5 аппарат а, санитайзераш а, дуккха а кхин уьнна дуьхьало ен гIирс а бу Туркойчуьра Дагестане хьош.
"Дагестанехь коронавирусо хIоттийна ирча хьал тхуна довзийтира Туркойчохь бехачу кавказхойн диаспораша", - аьлла Алтана.
Туркойчуьрчу диаспорийн 13 федерацино дехна шайн Iедале дагестанхошна гIодар. Туркойчоьно накъосталла дечу пачхьалкхех 28-гIа ю кху муьрехь Оьрсийчоь. РогIехь хир ю Таджикистан, боху туркоша.