₽27 000000 гIо хьажийна Дагестанна Туркойчоьно
Стигалкъекъа-беттан 24-чохь, Марха достучу дийнахь, дIакхача тарлуш ду Туркойчуьра Дагестане хьажийна сагIа. Республикерчу Iедалан векалша бахарехь, Дагестанна гIодар дийцаредира хьалхо Путин Владимира а, ЭрдохIан Реджепа а, ткъа кир махка дIакхочор а, цигахь дIасабекъар а тIедиллина Оьрсийчоьнан могашаллин министрана Мурашко Михаилна. Дуьненаюкъарчу "ЦIечу ЖIаран" Туркойчуьрчу декъан директора Алтан ИбрахIима хаитина ЭрдохIанан омрица гуманитаран гIо вовшахтоьхнарг шен хьукмат а, Туркойчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралла а хилар. Читать дальше...