9000 сов стагехь коронавирус гучуяьлла дийнахь-буса Оьрсийчохь
Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан терахьаш: дийнахь-буса Оьрсийчохь коронавирус карийна 9434 стагехь. Берраш а и ун кхеттарш бу 335 882.
Карарчу ханна, официало бахарехь, цомгуш ву пачхьалкхехь коронавирусах 224 558 стаг, товелла 107 936. Белларш бу 3 388.
Москвахь дийнахь-буса цомгуш хилла 3190 стаг, тобеллачийн терахь цул сов ду 641-нна.
Халкъан хьаштийн Роспотребнадзор урхалло бечу хаамца, тестех чекхваьлла дийнахь-буса 276 100 стаг.