Москвара лоьраш хьийсош бу Къилбаседа Кавказерчу регионашка
ГIалгIайчуьра лоьрийн тобанна куьйгалла дийр ду лоьмар 13 йолчу дарбан хIусаман лоьро-хирурго Раннев Игора. Къилбаседа ХIирийчохь болх бечу бригадан хьалханча хир ву лоьмар 17 йолчу дарбан цIийнан лор-хирург Ларичев Сергей. Ткъа Коммунаркерчу медицинан комплексан коьрта лор Проценко Денис шен тобанца Дагестане воьдуш ву.
Карарчу беттан 10-чу дийнахь Iорадаьхначу терахьашца, Дагестанехь коронавирусан ун даьлла ву 6 175 пациент. Къилбаседа-ХIирийчохь - 3 403, ГIалгIайчохь – 2 438.