Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Июнь
2020

Новости за 10.06.2020

Radiomarsho.com 

Лянторе дов къасто воьду Делимханов, Кадыров хастийначунна - цуьнан сурт

Къилбаседа Кавказехь 6 велла, ун даьлла кхин а 556 стагана. Лянторан арз дIакхаьчна Делимханов Адаме; ГIиргIазойчохь дижа ца дуьту Батукаев набахтера дIахецар; Кадыров Ахьмадах тоьлла коментари язйинчунна- цуьнан сурт лур ду

Radiomarsho.com 

"Адыгей Краснодарах дIаэяр – иза зулам ду"

Тамов Анзор Чергазийн жигархошка сингаттам боссийна, Адыгей Краснодар-махках дIатоха еза, бохуш, дечу къамелаша. Хоьтту цара: регионаш шоръеш елахь, стенна ца туху иза чергазий бехачу кхечу цхьана махках – Кхарачой-Чергазийчоьнах я ГIебарта-Балкхаройчоьнах? Адыгейн, Кхарачой-Чергазийчоьнан, ГIебарта-Балкхаройчоьнан куьйгалхошка а, прокурорашка а, иштта, "Комсомольская правда" газете а дIахьедар хьажийначу жигархоша шаьш дуьхьал ду "республикаш хIаллакйайта" боху. Авторшка сингаттам боссийнарг ду... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Москвара лоьраш хьийсош бу Къилбаседа Кавказерчу регионашка

Москвара лоьрийн керла бригадаш хьовсош ю Дагестане а, ГIалгIайчу а, Къилбаседа ХIирийчу а. ХIора тобанехь пхеанна тIера иссане кхаччалц говзанчаш хир бу. Карарчу хенахь, Москван мэран Собянин Сергейн тIедилларца, COVID-19 ун даьллачу нахана билгалъяьхначу регионашкахь дарба дечу лоьрашца хийцалур болуш бу уьш. "Новости" агенталло яздо иштта, коронавирусаца лаьттачу хьолан терго а, мониторинг а латточу шатабана тIетевжина. ГIалгIайчуьра лоьрийн тобанна куьйгалла дийр ду лоьмар 13 йолчу дарбан хIусаман лоьро-хирурго Раннев Игора. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалара Петербурге кеманаш лелар ду карабогIучу баттахь дуьйна

КарабогIучу беттан 1-чу деношкахь дуьйна дIасалела дуьйлалур ду Соьлж-ГIалара Санкт-Петербурге кеманаш. Nordwind Airlines авиакомпанино йолор ю шен рейсаш. Цу кепарчу бертан кехаташна тIе куьйгаш таIийна Nordwind компанино а, Дуьненаюкъарчу Соьлж-ГIаларчу "Грозный" аэропорто а, яздо меттигерчу хаамийн гIирсаша. "Северный ветер" авиакомпанино шайн сайтехь духкуш ду Соьлж-ГIалара Петербурге а, цигара юхаван а билеташ. Оьрсийчуьрчу авиакомпанийн ТОП-10 тептарехь йолу Nordwind Airlines авиакомпани кхоьллина ю 2008-чу шарахь.

Radiomarsho.com 

Мила гIур ву садаIа Кавказе?

Туристашна кечъеш ю Къилбаседа Кавказера курорташ. Ткъа буй кийча шаьш туристаш? Коронавирусан пандемино дихкина мехкийн дозанаш, сецна туризман бизнес. И хьал пайде хила тарло Оьрсийчуьрчу регионашна: пачхьалкхан дозанал дехьа бовла йиш йоцу регионашкара бахархой бахка мега Кавказе. Хуьлийла дуй иза? Четарш а, жIаьлеш а Туризман мур болабаларе сатуьйсу Оьрсийчуьрчу курорташа. Цхьайолчу меттигашкахь нах шайггара схьаелла гIерташ а хаало. Масала, Астрахан-махка кхочу туристаш «юхабоху» некъаш лоьху меттигерчу Iедало. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь 490 эзарел а сов бу коронавирусан ун даьлларш

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь официалан хаамашца Оьрсийчохь 8 404 вахархочуьнца коронавирусан ун хааделла. Дахначу дийнахь 216 пациент кхелхина инфекцех. Эпидеми яьржичхьана пачхьалкхехь ун даьлла ву 494 эзар гергга дархо. Кхелхина 6 358 стаг. ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а дарба хилла коронавирусах 10 386 пациентана. Роспотребнадзоран зерашца, тIаьххьарчу дийнахь 290,6 эзар лабараторин таллам бина. Лоьрийн тергонехь латтош ву 318 эзар стаг. Эпидеми яьржичхьана дуьненахь коронавирусан ун кхетта ворI миллион сов вахархочунна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказ: COVID-19 вирусах 6 дархо велла, ун даьлла 556 стагана

Коронавирусан инфекцех тIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь велла 6 дархо. Ун къаьстина кхин а 556 стагаца. Эпидеми ца яржийта кхоьллинчу оперативан штабан  зерашца, Ставрополан кIоштахь а, Адыгейхь а кхелхина шишша стаг, Краснодаран махкахь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а велла цхьацца. COVID-19 вирус юкъаяьлчхьана Къилбаседа Кавказехь верриг а кхелхинарг ву 600 пациент. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Дагестанехь – 98: Дагестанехь + 98 (6 175 ву эпидеми... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Урдунера нохчийн фотограф Самдахь Мария

Самдахь Мария 18 шо долу, къона фотограф ю. БIе шо сов хьалха Урдуне кхаьчначу нохчийн мухIажираша йиллинчу Аз-Заркъа юьртахь ехаш ю иза. Жима йолуш дуьйна сурт дуьллуш самукъа долуш яра Мария. 2016 шарахь дуьйна сурташ даха йолаелира иза. Кху деношкахь Урдунехь хилира сурташ дохучера къовсам. Цигахь хьалхара меттиг яьккхира къоначу нохчийн йоIан балхо. Маршо Радионо гойту Самдахь Марияс даьхна цхьадолу сурташ.

Radiomarsho.com 

Нохчийн бизнесхочунна арз динчу Ханты-Мансийн гонерчу Лянтор гIаларчу мэрах кхетар ву Делимханов

Нохчийн бизнесхочунна Абдулвахабов Iийсана арз динчу Ханты-Мансийн автономин гонерчу Лянтор гIалин мэраца Махиня Сергейца цхьаьнакхетар ву кеста Пачхьалкхан Думан Нохчийчуьра депутат Делимханов Адам. Ханты-Мансийн регионера Нохчийн куьйгалхочун векало бина цунах хаам. Бизнесхочун кIанта Абдулвахабов Адама дIахьедина, оцу гIуллакхан хьокъехь шайца цхьа а зIене ваьлла вац аьлла. URA.RU гIирсаца хиллачу къамелехь, Лянторан мэро а боху, хиндолчу цхьаьнакхетарх шена къаьстина хIумма а дац, амма Делимхановца къамелдан ша кийча ву аьлла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыров Ахьмадах лаьцна тоьлла дош олуш конкурс кхайкхийна

Нохчийчоьнан президент лаьттинчу Кадыров Ахьмадах лаьцна тоьлла комментарий язйинчунна совг1ат луш, конкурс д1акхайкхийна Нохчийчохь. Инстаграмерчу @kadyrov_ahmat аккаунтехь зорбане баьккхина цунах хаам. Къовсаман жамIаш довзуьйтур ду кху беттан 12-чу дийнахь. "Оха кху поста бухахь комментари язъеш конкурс кхайкхайо. Нохчийчоьнан президент лаьттинчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжех лаьцна дешнаш яздан деза аш. Уггар а дукха "лайкаш" гулйинчунна совгIат дийр ду оха @kadyrov_ahmat аьлла логотип а йолуш, Кадыров Ахьмадан эксклюзиве портретца. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан дозанехь вочу хьелашкахь бала хьоьгуш бу азербайджанхой

Ши бутт сов хан ю коронавирус бахьанехь бIенаш азербайджанхой чолхечу хьелашкахь Дагестанехь Азербайджанца долчу дозанехь беха. Доза къевлина хилар бахьана долуш цIа баха аьтто боцуш бисна уьш. Оьрсийчоьнан чолхечу хьолан министралло Куллар юьртана гергахь 300 бIе стагана леринчу четаршкахь дIатарвина ву 700 гергга азербайджанхо.

Radiomarsho.com 

Батукаевн гIуллакхан материалаш толлуш бу кхелахой

Бишкекерчу Первомайскан кIоштан кхелехь рогIера ладегIарш хилла, бакъо йоцуш криминалан авторитет Батукаев Iазиз набахтера араваккхаран гIуллакхца доьзна. ГIиргIизойн Азаттык Радионо бина цунах лаьцна хаам. Кхеташонехь хеттарш дина бехкебечу Джолдубаева Индире а, Качкыналиев Калыбеке а, Раимжанов Iабдухьалиме а. Цул тIаьхьа кхелахоша листа йолийра гIуллакхан материалаш. РогIера ладегIарш хир ду карарчу беттан 11-чу дийнахь. Мехкан хилла президент Атамбаев Алмазбек а, инарла прокурор лаьттина Джолдубаева Индира а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь коронавирусах кхин а цхьа стаг велла

Нохчийчохь коронавирусан инфекцех кхин а цхьа стаг кхелхина тIаьххьарчу дийнахь а, буса а аьлла, хаам бина махкарчу могушалла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана. COVID-19 вирус кхетта тIаьххьарчу 24 сахьтехь 19 вахархочух, верриг а 1 384 хуьлу уьш хIинца. Министро билгалдаккхарехь, Роспотребнадзоран хьехамца, лоьраша могушалла зуьйш ю 5 812 стеган. Эпидеми яьржичхьана регионехь дарба хилла 1 024 пациентана. ТIаьххьарчу дийнахь а, буса гIоле хилла 31-нна. Уьнах верриг а кхелхинарг ву 16 дархо.

Radiomarsho.com 

Бисултанов Апти. Куьзганийн пардонех...

Бисултанов Апти *** Куьзганийн пардонех пенойх чекхбуьйлучу Бодано яхьайо хьох йолу ойланаш. Ас хьоьга хьежарехь хенах шеквуьйлучу Йицйина валаран висаран гIовланаш.   Цкъачунна серлонехь ву со хьоь хьежаран Букъ тоьхна велахь а, боданан тарханах. Цкъачунна йийсарехь ву со хьан къежаран НеIаран дозанехь сирлачу марханах.   Со хIинца тера ву дозанан бIогIамах Бодана серлонан юкъ йоькъуш боьгIначу. Со хIинца тера ву борзанан догIанах Дуьненан эхартан неI къовлуш тоьхначу. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Бисултанов Апти. Да воцу жIаьла

Бисултанов Апти Да воцу жIаьла   Диларшкахь ду цуьнан дажар, Кхаьллешкахь ду цуьнан дажар. Да воцу жIаьла ду иза ЦIе йоцуш ша тIаьхьа даза.   Токхенехь летачу пхьаьрчийн Аьзнаша тийналла цоьстуш, Дуьжу и боданах хьаьрчий ГIан-набарх доьшано хьоьстуш.   Массо а хIуманал хьалха ГIотту и декъаза гIаларт. Массо а хIуманал цхьалха Юха а суьйренга дала.   Ду иза ойланал маса Даима дIаэккха кийча. Цхьа цеце Iадийна ас Майраллин зирх боцуш цIийца.   ***** Ас хIунда и дагалоьцу, Тахана и долуш санна? Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Бисултанов Апти. Сан безам...

Бисултанов Апти *** Сан безам и хIун ю и муха къастабо кхечо, Со оцу тайпана хъесапаш оьшуш вац, Мохк. Со бIаьрзе велахь а, хьан некъо схьагойту гечо, Дин боцуш велахь а, хьан некъо бере во сох.   Сан дагца ца соьцу хьан доь довр хиларан бала. Азаллехь елла хьайн цIе ларъеш чекхдаьлла, Къам. Цхьа кошан чурт дисахь хир ю и хьан хаден гIала, Цхьа кошан варз биссахь хир бу и хьан лекха лам.   1982 шо

Radiomarsho.com 

Бисултанов Апти. Сан Даймохк...

Бисултанов Апти *** Сан Даймохк бац хьуна абата тIера, Виначу юьртара болалац и. Сан Даймохк мотт сецна бIешерийн кхера, Сан Даймохк тарраш тIехь лардина сий.   Ца оьшуш хIумма а тардина кхолла, Ма цIена бакъ а ду-кх заманан аз. Сан Даймохк Iаьршашка кхевдина хIоллам, Сан Даймохк аренца къух даьлла барз. 1980 шо


Король Бахрейна прибыл в Москву для официальных переговоров с Путиным

В Москве умерла вдова народного артиста СССР Михаила Пуговкина

Червиченко: «Ростов» покупает игроков по цене бутс Угальде, а результат в десять раз лучше

Мошенники взялись за участников СВО и их родных



Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

В Химках обновляют Дом быта на Юбилейном проспекте

ЦППК назначит компенсационные рейсы на Рижском и Савеловском направлениях в мае

Проект "Инклюзия в действии. Доступно всем": опыт содействия социализации семей с подростками с ОВЗ во Владимире

Мария Багреева: нацпроект сэкономил 1,7 млрд руб. московским строителям

Музыкальные новости

Бонгонда: стадион и база «Спартака» — мои любимые места в Москве

«Байкал Сервис» стал партнером Премии 2ГИС

Азербайджанцев оправдали за убийство спортсмена Евгения Кушнира в Самарской области. Делом заинтересовался глава Следкома РФ А. Бастрыкин

Скорая Z помощь» доставила гуманитарный груз из Реутова

Новости России

Мошенники взялись за участников СВО и их родных

Преимущества проекта «Предшкола» назвали в Подмосковье

ЦППК назначит компенсационные рейсы на Рижском и Савеловском направлениях в мае

Депутат Мособлдумы: «Единая Россия» перед выдвижением кандидатов советуется с жителями

Экология в России и мире

Футболисты ФК «Динамо Пушкино» заняли второе место в межрегиональном турнире Laffy Cup 2024

Светлые оттенки весенней моды: стильные идеи для женщин в возрасте

Мистический Тибет: путеводитель по местам силы от Кажетты Ахметжановой

Пациенты больницы принял участие в фестивале

Спорт в России и мире

Теннисиста Медведева выбили из топ-4 ATP

Рахимова прошла во второй круг турнира WTA в Рабате на отказе Таунсенд

Новаку Джоковичу исполнилось 37 лет в Швейцарии | Виды спорта

Даниил Медведев идет третьим в чемпионской гонке ATP, Андрей Рублев — пятый

Moscow.media

Экс-мэра Биробиджана осудили на 5 лет за злоупотребление полномочиями. Условно

Черёмуховая сказка Холмогорья

В РМАТ ПРОШЕЛ I БИЗНЕС-ФОРУМ ВЫПУСКНИКОВ РМАТ 1999-2023 ГОДА ВЫПУСКА, ПОСВЯЩЕННЫЙ 55-ЛЕТНЕМУ ЮБИЛЕЮ АКАДЕМИИ

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *