Къилбаседа Кавказ: COVID-19 вирусах 6 дархо велла, ун даьлла 556 стагана
Коронавирусан инфекцех тIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь велла 6 дархо. Ун къаьстина кхин а 556 стагаца.
Эпидеми ца яржийта кхоьллинчу оперативан штабан зерашца, Ставрополан кIоштахь а, Адыгейхь а кхелхина шишша стаг, Краснодаран махкахь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а велла цхьацца.
COVID-19 вирус юкъаяьлчхьана Къилбаседа Кавказехь верриг а кхелхинарг ву 600 пациент.
ТIаьххьарчу 24 сахьтехь къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Дагестанехь – 98:
Дагестанехь + 98 (6 175 ву эпидеми яьржичхьана)
Ставрополан кIоштахь + 85 (3 338)
Краснодаран махкахь + 81 (4 655)
Кхарачой-Чергазийчохь + 78 (1 807)
ГIебарта-Балкхаройчохь + 77 (3 576)
Адыгейхь + 43 (1 158)
ГIалгIайчохь + 39 (2 438)
Къилбаседа ХIирийчохь + 39 (3 403)
Нохчийчохь + 16 (1 400)
Эпидеми юкъаяьлчхьана Къилбаседа Кавказехь коронавирусан инфекци кхеттера 27 950 вахархочунна. Оперативан штабан информацица, йоллу Оьрсийчохь 493 657 стаг билгалваьлла COVID-19 вирусаца.