Кадыров Ахьмадах лаьцна тоьлла дош олуш конкурс кхайкхийна
Къовсаман жамIаш довзуьйтур ду кху беттан 12-чу дийнахь.
"Оха кху поста бухахь комментари язъеш конкурс кхайкхайо. Нохчийчоьнан президент лаьттинчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжех лаьцна дешнаш яздан деза аш. Уггар а дукха "лайкаш" гулйинчунна совгIат дийр ду оха @kadyrov_ahmat аьлла логотип а йолуш, Кадыров Ахьмадан эксклюзиве портретца. Уггар а тоьлла хазна хир ю тхан совгIат шун цIахь йа белхан кабинет чохь",- аьлла, билгалдаьккхина конкурс кхайкхийначара.