Батукаевн гIуллакхан материалаш толлуш бу кхелахой
Мехкан хилла президент Атамбаев Алмазбек а, инарла прокурор лаьттина Джолдубаева Индира а, пачхьалкхан таIзар кхочушдаран урхаллан (ГСИН) куьйгалхочун хилла хьехамча Качкыналиев Калыбек а ву оцу гIуллакхна тIехула бехке озийна. Коррупцин зуламашна жоьпалла доьху цаьргара.
Криминалан авторитет Батукаев Iазиз 2013-чу шарахь шена тоьхначу хенал а хьалха Нарынерчу набахтера араваьккхира, "дарба доцу цамгар кхетта" аьлла, кехаташ а кечдина. Цул тIаьхьа Бишкеке а валийна, цигара Соьлж-ГIала догIучу кеманца даймахка веара иза.
Стохка чоьхьарчу гIуллакхийн министралло юха а талла долийна оцу фактах доьзна гIуллакх. Карарчу хенахь кхело луьстуш ду.