ГIалгIайчохь гергарчу доьзалшна юкъадоьллачу девнехь вийна 4 стаг, 7 – лазийна
Несарахь гергарчу наха, вовшахлахь дов а даьлла, леташ вийна шайх виъ стаг. Царах цхьаъ полицин белхахо а хилла. Оцу хьокъехь "Кавказ.Реалиига" хаам бина меттигерчу бахархоша. Цара дийцарехь, лазийна кхин а ворхI стаг. Уьш дарбан цIийне охьабехкина.
Юхьанцара болчу хаамашца, вовшашна герзаш а детташ, гергара нах летта лаьттан дакъа къовсуш. Пхийттех стаг хилла девнехь дакъалоцуш.
"Кавказ.Реалиино" хиллачу бохамна комментари яр дехна ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу пресс-векалте. Герггарчу хенахь жоп дала дош делла редакцина.