Некъаховзамашкахь 6 стаг велла Дагестанехь дийнахь-буса
![Некъаховзамашкахь 6 стаг велла Дагестанехь дийнахь-буса](https://gdb.rferl.org/F310B1E4-E419-4B83-8B3E-04E4BBAB06C4_w800_h450.jpg)
Кхаарний, еарний юккъехь Дагестанехь хилла 9 некъахьовзам. 6 стаг велла, 9 – лазийна. Беллачаралахь цхьа бер а ду, хаам бина Дагестанан некъан инспекцин буьйранчас Шагалин Александра.
Цо дийцарехь, ХIинжа-ГIалина уллерчу Семендер юьртахь ши шо долу бер дийна, машен тIе а тоьхна.
Шагалина довзуьйту оцу массо а некъахьовзамийн коьрта бахьана: машенлелорхой шайн йоцчу некъан асанашна тIебийлар, чехкалла.
Хьалхо хаам баьржира, Дагестанехь "Газель" а, "Лада-Приора" а вовшахкхетар бахьана долуш кхо стаг велла Хасу-Юртара Бабаюрта боьдучу новкъахь, аьлла.