Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Июнь
2020

Новости за 18.06.2020

Radiomarsho.com 

Бахархойн терахьаш кхуьуш ду Къилбаседа Кавказехь

Къилбаседа Кавказехь, цхьа Ставропол-мохк боцург, кхуьуш ду бахархойн терахьаш, изза сурт гойту Оьрсийчоьнан статистикан Росстат урхалло 2020-чу шеран хьалхарчу беа беттан талламашкахь а. Ша Кавказехь хилла ца Iаш, ерриг а Оьрсийчохь лакхара ду и терахь Дагестанехь а (+8800), Нохчийчохь а (+6882). Бахархойн дебаш хаало Оьрсийчоьнан 16 регионехь. Баларш а, нах т1екхиар а дуьхь-дуьхьал х1иттийча, бахархойн терахь совдальлла ГIалгIайчохь 1797 стаганна, ГIебарта-Балкхаройчохь – 648-нна, Кхарачой-Чергазийчохь ... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Некъаховзамашкахь 6 стаг велла Дагестанехь дийнахь-буса

Кхаарний, еарний юккъехь Дагестанехь хилла 9 некъахьовзам. 6 стаг велла, 9 – лазийна. Беллачаралахь цхьа бер а ду, хаам бина Дагестанан некъан инспекцин буьйранчас Шагалин Александра. Цо дийцарехь, ХIинжа-ГIалина уллерчу Семендер юьртахь ши шо долу бер дийна, машен тIе а тоьхна. Шагалина довзуьйту оцу массо а некъахьовзамийн коьрта бахьана: машенлелорхой шайн йоцчу некъан асанашна тIебийлар, чехкалла. Хьалхо хаам баьржира, Дагестанехь "Газель" а, "Лада-Приора" а вовшахкхетар бахьана долуш кхо... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Лаххара коррупци – ГIалгIайчохь, Нохчийчуьрчу полицин харцо листар – Страсбургехь

Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 9, цомгуш хилла 533; Уггаре кIезиг ю, боху, коррупци ГIалгIайчохь; Европан кхело луьстур ду Нохчийчуьрчу полицино 8 дагестанхо верах долу дов

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь 8 дагестанхо верах долу дов луьстур ду Европан кхело

2016-чу шарахь Нохчийчохь Дагестанера 8 вахархо верах долу дов листа тIеэцна Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. Оцу хьокъехь "Кавказ.Реалиига" хаам бина дуьненаюкъарчу бакъоларъярхойн "Агора" тобанерчу адвоката Сабинин Андрейс. 2020-чу шеран бIаьста Нохчийчохь кхел йира полицино шена тIелетча вийна бохучу бархIанна. Декъий дагийнера церан, йисина чалхаш зийра, идентификаци а еш. Гергарчара чIагIдарехь, шаьш бехачуьра лецкъа а бина, байъина уьш. Страсбурге аьрзнаш динарш тешна бу шайн доьзалхой лецна бигар Оьрсийчуьрчу талламчаша а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ЦIаерзарх дегайовхо а йоцуш

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан дакъошкахь тIемаш бина, тIаьхьа йийсаре лецначарлахь дуккха а бу Оьрсийчуьра схьабевлларш. Шемарчу мухIажирийн каппашкахь а, набахтешкахь а латтош бу уьш. Царах цхьа дакъа Къилбаседа Кавказера зударий бу, дукхахберш берашца а болуш.

Radiomarsho.com 

Москвахь динчу тIелатаран ларашкахула талламаш беш бу

Кху деношкахь Москвахь шина полисхочунна чевнаш йина, ша а лазийна ГIалгIайчуьра схьаваьлла Галаев Ратмир лаьцна. "Бехк а боцуш" полисхошна герза детта волавелла хилла иза. Ницкъаллийн структурийн белхахошна тIекховдарца доьзна зуламан гIуллакх талларх бинчу хаамехь иштта яздина Талламан комитето. Лаьцначун цIе шайн дIахьедарехь йоккхуш яц цара, амма хьалхо агенталлаша йовзийтина цуьнан цIе. Дийцарехь, иза вехачу хIусамах а хьоьвсина, ткъха иштта, цуьнан доттагIашлахь а, бевза-безачу нахалахь а бина талламаш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказ: 9 стаг велла коронавирусах дийнахь-буса, 533 цомгуш хилла

Уьнна духьалоечу Оперативан штабан хаамца, Дагестанехь, Ставропол-махкахь кхоккха стаг кхелхина коронавирусах, шиъ – Краснодар-махкахь, цхьаъ – ГIебарта-Балкхаройчохь. Юьхьанца дуьйна Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 667 вахархо. Мехкашлахь уггаре дукха ун кхетта нах билгалдевлла дийнахь-буса Кхарачой-Чергазийчохь – 99 стаг. Терахьаш керла а, юьхьанца дуьйна а: Кхарачой-Чергазийчоь + 99 (2545) Дагестан + 90 (6927) Ставропол-мохк + 90 (4018) ГIебарта-Балкхаройчоь + 77 (4209) Краснодар-мохк... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Инарла Прокуратура: коррупци массанхьачул кIезиг ю ГIалгIайчохь

Пачхьалкхан субъекташлахь коррупци уггаре кIезиг йолу мохк бу ГIалгIайчоь, аьлла Оьрсийчоьнан Инарла прокурора Краснов Игора, хаам бо obzor.io портало. Ерриг а Оьрсийчоь схьаэцча, 100 эзар вахархочунна кхочу коррупцица дозу 21 зулам. Ткъа ГIалгIайчохь ду и терахь массанхьачул а лахара: 100 эзар вахархочунна – иттех зулам. Коррупци жигара хьийза регионех ю Мордови, Чуваши, Камчатка, Архангельскан, Брянскан, Мгаданан, Оренбурган, Саратовн, Тюменан мехкаш. Оцу субъекташкахь 100 эзар вахархочунна кхочу 26-29 зулам.

Radiomarsho.com 

Дижон. ДоьалгIачу дийнахь низам меттахIоттийна полицино

Кху беттан 13-чу дийнахь дуьйладелла къепедацарш 16-чохь совцийна Францерчу Дижонехь полицин ницкъашца. Къилбаседа Африкера схьабевллачу нахана а, нохчашна а юкъара дов доьрзучу кхаьчна лору шина а агIоно а. Лаьцна ву 4 стаг. Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовса Нуньес Лорана дIахьедина, низам лелачу пачхьалкхехь цхьанна а бакъо яц шеггара кхел ян, аьлла.

Radiomarsho.com 

Нохчийчоь: бомбанаш йиттинчеран латкъамашна жоп ца делла

Нохчийчуьрчу Элистанжахь 1999-чу шеран ГIадужу-беттан 7-чохь кеманашца бомбанаш йиттина, зенаш динчу 70 вахархочун аьрзнаш тIеэца йиш йоцуш ду аьлла, дIахьедина Европерчу адамийн бакъонийн кхело,яздо "Кавказ.Реалиино". Iазап лайначийн латкъамаш юха а листийта дагахь бу бакъонашларъярхой Оьрсийчоьнан кхелашкахь. 2006-чу шарахь Элистанжарчу бахархоша гIо дехна "Iазапна дуьхьало латто Комитет" ю церан гIуллакх лелош. Организацин зерашца, Оьрсийчоьнан ХIаваан-тIеман кеманашца динчу тохаршкахь 35 маьрша вахархо вийра... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *