Нохчийчохь 8 дагестанхо верах долу дов луьстур ду Европан кхело
![Нохчийчохь 8 дагестанхо верах долу дов луьстур ду Европан кхело](https://gdb.rferl.org/799F4097-991E-41BF-BC84-B100DCDC85BA_w800_h450.jpg)
2016-чу шарахь Нохчийчохь Дагестанера 8 вахархо верах долу дов листа тIеэцна Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. Оцу хьокъехь "Кавказ.Реалиига" хаам бина дуьненаюкъарчу бакъоларъярхойн "Агора" тобанерчу адвоката Сабинин Андрейс.
2020-чу шеран бIаьста Нохчийчохь кхел йира полицино шена тIелетча вийна бохучу бархIанна. Декъий дагийнера церан, йисина чалхаш зийра, идентификаци а еш. Гергарчара чIагIдарехь, шаьш бехачуьра лецкъа а бина, байъина уьш.
Страсбурге аьрзнаш динарш тешна бу шайн доьзалхой лецна бигар Оьрсийчуьрчу талламчаша а, кхело а маьршша, кхоччуш листина дацарх.
Оьрсийчоьнан талламчийн версица, 2016-чу шеран ГIадужу-беттан 9-чу дийнан сарахь шайн ши машен сацо гIоьртинчу полицина дуьхьал герзаш диттина 8 дагестанхочо, уьш белла йогучу шайн машенаш чохь.
Байъинарш бу Дагестанан бахархой Магомедов Ислам, Махаев Пахрудин, Узданов Гашим, Каспийскера Джамалутдинов Шемал, Хасу-Юьртара Джамалутдинов Шемал, Госенов Госен, Джамалутдинов Камил, Клычев Клыч.
Байъинчу нехан гергарчара дуккхаза а дийхира Iедале дов Дагестанехь листийтар, амма Нохчийчуьра кхел реза ца хилира.