Къилбаседа Кавказ: 9 стаг велла коронавирусах дийнахь-буса, 533 цомгуш хилла
Уьнна духьалоечу Оперативан штабан хаамца, Дагестанехь, Ставропол-махкахь кхоккха стаг кхелхина коронавирусах, шиъ – Краснодар-махкахь, цхьаъ – ГIебарта-Балкхаройчохь.
Юьхьанца дуьйна Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 667 вахархо.
Мехкашлахь уггаре дукха ун кхетта нах билгалдевлла дийнахь-буса Кхарачой-Чергазийчохь – 99 стаг.
Терахьаш керла а, юьхьанца дуьйна а:
Кхарачой-Чергазийчоь + 99 (2545)
Дагестан + 90 (6927)
Ставропол-мохк + 90 (4018)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 77 (4209)
Краснодар-мохк + 69 (5252)
ГIалгIайчоь + 32 (2725)
Къилбаседа Х1ирийчоь + 31 (3676)
Адыгей + 31 (1446)
Нохчийчоь + 14 (1543)
Коронавирус гучуяьлларг ву Къилбаседа Кавказехь 32341 стаг, ерриг Оьрсийчохь - 561 091 стаг, боху Оперативан штабо.