Оьрсийчоьнан Инарла Прокуратура: коррупци массанхьачул кIезиг ю ГIалгIайчохь
Ерриг а Оьрсийчоь схьаэцча, 100 эзар вахархочунна кхочу коррупцица дозу 21 зулам.
Ткъа ГIалгIайчохь ду и терахь массанхьачул а лахара: 100 эзар вахархочунна – иттех зулам.
Коррупци жигара хьийза регионех ю Мордови, Чуваши, Камчатка, Архангельскан, Брянскан, Мгаданан, Оренбурган, Саратовн, Тюменан мехкаш. Оцу субъекташкахь 100 эзар вахархочунна кхочу 26-29 зулам.