Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Нохчийчоь: бомбанаш йиттинчеран латкъамашна жоп ца делла

Нохчийчоь: бомбанаш йиттинчеран латкъамашна жоп ца делла

Нохчийчуьрчу Элистанжахь 1999-чу шеран ГIадужу-беттан 7-чохь кеманашца бомбанаш йиттина, зенаш динчу 70 вахархочун аьрзнаш тIеэца йиш йоцуш ду аьлла, дIахьедина Европерчу адамийн бакъонийн кхело,яздо "Кавказ.Реалиино". Iазап лайначийн латкъамаш юха а листийта дагахь бу бакъонашларъярхой Оьрсийчоьнан кхелашкахь.

2006-чу шарахь Элистанжарчу бахархоша гIо дехна "Iазапна дуьхьало латто Комитет" ю церан гIуллакх лелош. Организацин зерашца, Оьрсийчоьнан ХIаваан-тIеман кеманашца динчу тохаршкахь 35 маьрша вахархо вийра, 60-нна чолхе чевнаш йира, дара царлахь 14 шаре довланза бераш а цхьана. Дохийра юьртахойн цIенош, иштта меттигера школа а цхьана.

Бомбанаш еттаран хьокъехь бехкзуламан гIуллакх айдира 2000-чу шеран ГIура-баттахь. Нохчийчуьрчу Ведана кIоштан прокуратурано юьхьанца гIуллакх талла а долийна, эххар а  дIакъевлира.

Бакъонашларъярхойн аьтто хилира 2007-чу шарахь и гIуллакх юха талла даккха. Амма гIуллакх гена ца доьдура, юкъахдохура толлучуьра, ткъа латкъамаш бича - юха а листа доладора.

2010-чу шарахь тIеман прокуратуре делира дов эххар а. Ткъа 2014-у шарахь оцу гIуллакхан материалаш къайлаехира прокуратурано.

2011-чу шарахь Европерчу адамийн бакъонийн кхеле бевлира бакъонашларъярхой. Элистанжарчу 70 вахархочун интересашкахь "Iазапна дуьхьалояран Комитетан" юристаш декхаре хилира Страсбургерчу кхеле арздан, хIунда аьлча, Оьрсийчохь талламбар эвсаре ца хуьлура.

Иштта, бакъонашларъярхоша бахарехь, 28 Элистанжара вахархо Оьрсийчуьрчу кхелашка ваьллера, жим-тIама компенсацеш а елира царна. Масала, беллачийн гергарчарна цхьацца миллион сом дIадалар тIедожийра кхело. Ткъа чевнашца биссинчарна 200-400 соьмаш кхачийра.

"Тасуев а, кхинберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал" аьллачу гIуллакхан хьокъехь 2020-чу шеран Мангал-беттан 16-чу дийнахь Европан кхел бинчу шен сацамехь а тIетайна Оьрсийчоьнан Iедало бохучунна. Кхеле бовла низамашкахь хилла 6 бутт хан тIехъялийтина бахархоша, цундела арз луьстийла дац. 

Бакъду, Тасуева Анисатан хьокъехь ЕСПЧ-н кхело тIечIагIдина, Европан конвенцин цхьа дакъа  - кхачо йоллуш, эвсара Оьрсийчоьнан Iедалхоша цуьнан гергара нах байарх долу гIуллакх теллина цахилар. 15 000 евро компенсаци хIоттийна Тасуевана. Ткъа биссинчу 75 Элистанжарчу вахархочунна дуьхьало йина Страсбурган кхело.

Суьдхоша билгалдаьккхина, Элистанжахь 1999-чу шарахь бомбанаш еттарна а, 2011-чу шарахь кхеле бовларна а юкъахь 11 сов шо зама яьлла. Оцул хан юкъайолийтарна ша-шах хеттарш хIуьтту, ларъян еза ялх беттан хан цара ца ларарна. Оцу тIехула, кхело къасторца, латкъамаш бинчу массара а, Тасуева ца лерича, талламан органашца цхьана а кепара контакташ латтош ца хилла.

"Къизаллашна дуьхьалояран Комитетан" дуьненаюкъахь лелаш йолу бакъо Iалашъяран декъан куьйгалхочо Садовская Ольгас "Кавказ.Реалии" портале дIахьедина, хIинццалц Оьрсийчоьнан кхелашкара компенсацеш даха аьтто цахиллачийн, таро хIинца а йолуш ю аьлла.

"Цара лучу ахчанан барам ледара бац, мел а адеквате бу ала тарло. Тхайн ма-хуьллу гIо латтор ду оха искаш чулуш а, кхелашкара  компенсацеш яхарехь болх беш а. Амма ЕСПЧ-н кхеле оцу гIуллакхца кхин дIа довлийла яц", - аьлла, тIетоьхна Садовскаяс.

Цо бахарехь, талламчаша дIахьедина, гIуллакхан материалаш 2007-чу шарахь яьгнера, ткъа 2011-чу шарахь бен ницкъ ца кхаьчна уьш юхаметтахIиттон.

"Оха дозанаш ца дохийнера формалехь аьлча, рогIера сацам бинчул тIаьхьа ялх беттан хан ларйина яра. ГIуллакхан материалаш 2007-чу шарахь яьгначул тIаьхьа, меттигерчу кхелех тхан тешам бан безаш мIаьрго хIоьттинера аьлла, лерина суьдо. Ткъа оха ладоьгIура материалаш юха вовшахтохаре, тхан тхайн ладам боллуш аргументаш ма яра. Амма кхело цхьа кхечу агIор мах хадийна церан", - боху "Iазапна дуьхьалояран Комитетан" векало.

Цхьанатоьхначу Къаьмнийн Организацин (ООН)адамийн бакъонашкахула йолчу Комитете бовлар а хьехадо бакъонашларъярхоша.

Билгалдоккху, "Iазапна дуьхьалояран Комитете" бевллачу элистанжхоша чIагIдо, шайн юьртахь тIемалой а, я тIеман объекташ а яцара бохуш. Бомбанаш еттачу дийнахь маьлхан де а дара, Оьрсийчоьнан эскархошна гойла дара, лаьтта тIехь дерг боху цара.

Бакъонашларъяран "Мемориал" центро тIечIагIдина,  байинчарлахь 14 шаре довланза кегийн 10 бер хилар (7 кIант а, 3 йоI а). 

15 шарера 60 шаре кхаччалц 17 стаг хилла, шайлахь 10 боьрша стаг а, 7 зуда а йолуш. 61 шерашкара ваьлла 7 вахархо а хилла (3 стаг а, 4 зуда а). Йийначу цхьана зудчун хан билгалъяккха аьтто ца хилла.

Элистанжарчу хиламех Нохчийчуьрчу Iедалхойн хIинца йолчу позицех хууш дац. Бакъду, 2009-чу шарахь Нохчийчоьнан омбудсмено Нухажиев Нурдис Талламан Комитете дехар динера, "зулам дина нах билгалбаха аьтто ца кхаьчна" аьлла, гIуллакх листар юкъахдаьккхинчу заманчохь, Элистанжахь нах хIаллакбар юха таллахьара аьлла. Маьршачу нахана бомбанаш йиттина зуламхой къайлабахьар ду аьллера Нухажиевс, талламбар юкъахдаккхар.

"Кавказ.Реалиин" корреспондентан аьтто ца баьлла Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашъян векал йинчу офисера оперативан комментарий эца.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Пять медалей выиграли спортсмены Подмосковья на XII летней спартакиаде учащихся

Две ставропольские компании стали лучшими на юге России

Пироговское шоссе в Мытищах реконструируют до конца года

Роспотребнадзор опубликовал правила по профилактике заражения ботулизмом

Музыкальные новости

Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети: «Волшебный платок бабушки Дари» - это захватывающее путешествие в мир бурятской сказки, которое не оставит равнодушным ни одного зрителя

Неблагодарный батька или о чем говорил президент Белоруссии с делегацией Азербайджана?

В Лужниках состоялась церемония открытия Всероссийской Спартакиады Специальной Олимпиады

В Бурчтии в театре кукол «Ульгэр» 14-16 июня пройдут «Волшебные выходные»! - Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети

Новости России

Стоматолог Шелудкова рассказала, что взять с собой в отпуск для ухода за зубами

В Казани благоустроят рекордное число парков благодаря Играм и саммиту БРИКС

Пять медалей выиграли спортсмены Подмосковья на XII летней спартакиаде учащихся

С начала года в Подмосковье отловили более 5 тыс собак без владельцев

Экология в России и мире

Звезды оперной сцены представят I Международный фестиваль «Мир классического романса»!

Первый Международный фестиваль «Мир классического романса»

Сказка театра Ульгэр в Бурятии «Волшебный платок бабушки Дари» - это захватывающее путешествие в мир волшебства - Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети:

Магазин "Стильпарк" в новой концепции открылся в Москве

Спорт в России и мире

«Ну и где здесь «группа смерти?» ATP показала, каким был бы Евро-2024 с теннисистами

Курникова показала трогательные фото Энрике Иглесиаса

Рублёв и еще два российских теннисиста не сыграют на Олимпиаде в Париже

Экс-теннисист Ольховский: россияне могут хорошо выступить на Уимблдоне

Moscow.media

Женщина провалилась в яму в центре Саратова. Начата проверка

Башенный комплекс "Ний" (Ингушетия)

Кинотеатр GOS-FILM: твой гид в мире фильмов

Бесплатный билет в музеи Зеленоградска от «ПАРАDOX» и BelkaCar







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *