Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Москвахь динчу тIелатаран ларашкахула талламаш беш бу

Кху деношкахь Москвахь шина полисхочунна чевнаш йина, ша а лазийна ГIалгIайчуьра схьаваьлла Галаев Ратмир лаьцна. "Бехк а боцуш" полисхошна герза детта волавелла хилла иза.


Ницкъаллийн структурийн белхахошна тIекховдарца доьзна зуламан гIуллакх талларх бинчу хаамехь иштта яздина Талламан комитето. Лаьцначун цIе шайн дIахьедарехь йоккхуш яц цара, амма хьалхо агенталлаша йовзийтина цуьнан цIе.


Дийцарехь, иза вехачу хIусамах а хьоьвсина, ткъха иштта, цуьнан доттагIашлахь а, бевза-безачу нахалахь а бина талламаш.


"ТIаьххьарчу заманчохь схьаийна вацара иза" аьлла лаьцначун накъосташа. Талламан комитето хаам барехь, кхин дIа а зуьйш бу шеконашца лаьцначун го, уьш а зуламаш дан кечлуш хиларна кхоьруш.


ХIун хилла Ленинскан проспектехь

 


Карарчу беттан 15-чохь Москварчу Ленинскан проспектехь делкъал тIаьхьа герзаш диттина, лазийнера ГИБДД-н ши белхахо.




Юьхьанца дийца даьккхира, цхьана таксхочо диттира герз бохуш, делахь а, тIаьхьо къаьстира билггал хилларг. Некъан полисхоша таксхочунна гIуда тоьхна, протокол хIотточу хенахь, леррина церан машенна герга а вахана, герз кхийса волавелла хилла зуламхо. ХIинца а билггал хууш дац, муьлха герз хилла цо лелийнарг.


"Интерфаксан" агенталло дуьйцу, травматикан 9 мм калибр йолу "Фантом" тапча ю кхийсинарг бохуш. Ткъа РБК-с чIагIдо, бIахаллин кепе ерзийна МР-79-9Т газан тапча хилла цуьнгахь бохуш.


Лазийна ший а полисхо дарбан цIийнехь охьавиллина, цхьаъ вуно чолхечу хьолехь ву.


Полисхочо дуьхьал герз тоьхна, чов йина тIелеттачунна а. "Интерфаксан" хьосташа яздо, иза а дарбан хIусамехь ву, цуьнгара хьал а ледара ду бохуш.


Мила ву Галаев Ратмир

 


Билггал хуучу шайн хьостах пайда а эцна, "Интерфакс" хаамийн агенталло яздира, тIелеттарг Галаев Ратмир ву аьлла. Церан информацица, жимачу стеган 24 шо ду, схьавалар ГIалгIайчуьра ду цуьнан.


Кхин хIара-важа аьлла, кIорггера хаамаш бац цунах лаьцна. Делахь а, "Интерфаксан" хаа таро хилла кIентан гергарчу нахах.


Мацах ГIалгIайчуьрчу Госнаркоконтролан оперативан декъан хиллачу куьйгалхочун, иштта оццу хьукматан урхалла динчун кIант ву боху Галаев.


Цул совнаха, Галаевн ваша ГIалгIайчуьрчу полицин белхахо а ву.

ГалаевгIеран вежарий бехачу Карабулакерчу а, Эккажакъонгий-Юртарчу а шина цIийнах хьовса бахана а хилла ницкъаллийн структурийн белхахой.


Москвахь Галаев Ратмиран хIусамехь экстремистийн литература карийна бохуш, чIагIдо. ТIелеттачун экстремистийн хьажам хилар коьрта верси ю боху "Интерфаксо", цо динчу тIелатаран.


Иштта тIечIагIдо цара, Москвахь ГIалгIайчуьрчу экстремизмана дуьхьало латточу Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрехIим верна а Галаев бехке хила тарло бохуш.


Эльджаркиевн гIуллакх толлучу юкъанна лаьцна ву ГIалгIайчуьра иттех сов стаг - доккхачу декъанна Эккажакъонгий-Юьртара бахархой.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *