Къилбаседа Кавказ: коронавирусах 12 велла, ун даьлла 423 стагана
![Къилбаседа Кавказ: коронавирусах 12 велла, ун даьлла 423 стагана](https://gdb.rferl.org/386E41C2-6260-4C36-949F-AA6521A936B6_w800_h450.jpg)
Къилбаседа Кавказехь тIаьххьара бинчу хаамашца, коронавирусан инфекцех 12 дархо кхелхина, 423 стагана ун даьлла, хаам бина "Кавказ.Реалиино". Оперативан штабан информацица, Дагестанехь а, ГIалмакхойчохь а кхоккха велла, Краснодаран а, Ставрополан а мехкашкахь а, Кхарачой-Чергазийчохь а кхелхина шишша.
Верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах велла 729 пациент.
ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а къаьсттина дукха нахана ун даьлла Кхарачой-Чергазийчохь – 84:
Кхарачой-Чергазийчохь + 84 (3 067 ву эпидеми чуеачхьана)
Ставрополан махкахь +75 (4 616)
Дагестанехь + 75 (7 415)
ГIебарта-Балкхаройчохь + 71 (4 656)
Краснодаран кIоштахь + 63 (5 624)
Адыгейхь + 40 (1 647)
ГIалгIайчохь + 29 (2 889)
Къилбаседа ХIирийчохь + 28 (3 854)
ГIалмакхойчохь+22 (1 362)
Нохчийчохь + 11 (1 645)
Верриг а Къилбаседа Кавказехь коронавирусан ун даьлла хиларца билгалваьккхина 35 373 стаг.
Эпидемица къийсам латтон вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, йоллу Оьрсийчохь ву коронавирус токхуш 606 881 дархо.