Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Шаман Габышев политикан тутмакх ву аьлла, дIакхайкхийна "Мемориало"

Кремлера Путин "эккхо" араваларна Оьрсийчоьнан Iедалхой тIаьхьабевлла лела Якутера шаман Габышев Александр политикан тутмакх ву аьлла, дIакхайкхийна бакъонашларъяран "Мемориал" Центро. Бакъонашларъярхошна хетарехь, шаман маршонех ваьккхина, цуьнан политикан а, динан а хьежамашна тIехула. "Исс баттахь бехкзуламан гIуллакхехула цунна дахка бехкаш цахиларо а гойту, иза бехке воцийла", - аьлла ду "Мемориалан" дIахьедарехь.


Хьалхо Якутин цIарах Пачхьалкхан Думехь депутат волчу Тумусов Федота дехар динера Оьрсийчоьнан инарла прокуроре Краснов Игоре, бертаза психоневрологин диспансере охьавиллинчу Якутерчу шаманан гIуллакхна юкъагIортахьара аьлла.


Иштта, Габышевгахьа уьйзира Якутскан мэро Авксентьев Сардана а. Шаманна тIаьхьабовлар "шайна цабезарш къеста а беш, царна тIехь гIело латтор ду" аьллера цо.


Amnesty International бакъонашларъяран организацино Габышев "кхетам бахьанехь таIзар кIел ийзабечу нахах" ву аьлла, дIа а кхайкхош, иза маьршаваккхар тIедожийра.


Кху беттан 2-чохь тIеийцира кхело сацам, Габышев бертаза дарбан цIийне охьавуьллуш. Ткъа шаман диспансерехь ву Стигалкъекъа-бутт юккъе баьлчхьана. Оццу беттан тIаьххьарчу деношкахь психоневрологин диспансеран лоьрийн комиссино хьесап дира, шаман Габышев Александр шена а, гонахарчу нахана а кхераме ву аьлла.


Ша дарбан хIусамехь латторна дуьхьал хиларх диспансеран коьртачу лоьре кехат цо яздинчул тIаьхьа, бира комиссино цунах лаьцна сацам. Кхелахойн сацамна тIехь билгалдаьккхина дац, мел латтор волуш ву Габышев диспансерехь.


Цуьнгарчу хьолах хIоттийначу документа тIехь яздина ду, "шен мах сов базбарца билгалваьлла иза", иштта, "низамашкахь дIахIоттийна Iедал дохон, кхайкхамаш беш а хилла цо" аьлла.


Стохка Зазадокху-баттахь Москва ваха новкъа ваьллера Якутин шаман Габышев Александр. Цо бахарехь, Оьрсийчоьнан президентах "жин" доьлла, и хьал шамане бен листалур дац. Кремл чуьра Путин араваккха воьдуш ву ша, олура Габышевс. Гезгамашин-беттан 19-чохь лецира иза Бурятин а, Иркутскан кIоштан а дозанашкахь. Якуте дIа а вигна, психоневрологин диспансерехь дIатарвира иза. Бехкзуламан гIуллакх а долийра цунна дуьхьал, экстремизме кхайкхамаш бина цо аьлла. Психологин а, психиатрин а экспертиза йинчул тIаьхьа, талламчаша дIахьедира, Габышев кхетамчохь вац аьлла.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *