Нохчочунна ен кхел, Гуьржийчоьно лаьцна гIалгIа
Нохчочунна ен кхел; Гуьржийчоьно лаьцна гIалгIа; Кхо бутт баьлча дожийна дарж
Нохчочунна ен кхел; Гуьржийчоьно лаьцна гIалгIа; Кхо бутт баьлча дожийна дарж
ТIебогIучу Товбеца-баттахь тIекхочу хьаж дар "дуккха а лахдина" дIахьор ду COVID-19 пандеми бахьанехь, аьлла СаIудийн Iаьрбийчоьно, яздо Маршо Радион оьрсийн сервисо. ХIора шарахь пхеа дийнахь Маккахь ечу Iамалийн барамашка кхача ца магийна махкарчу бахархошний, тIебахккарх бухахь бисинчу наханий бен.
Маьрша Европа/Маршо Радион гIиргIазойн меттан сервисан «Радио Азаттык» Шайн пачхьалкхан президент лаьттинчу Атамбаев Алмазбеке набахтехь 11 шо, 2 бутт такхийта сацам бина кхело ГIиргIазойчохь. Амма дерзанза ду цунна дуьхьал айдина кхин а массех дов. Атамбаев Алмазбек лаца а кхайкхош, уггаре хьалха цунна дуьхьалтоьхнарг дара цо 2013-чу шарахь Нарын гIаларчу набахтехь хан токхуш Iен нохчо, «тутмакхийн эла» Батукаев Iазиз хеназа маьршаваккхар. Читать дальше...
ГIалгIайчохь финансийн министран декхарш кхочушдечу Плиева Лианас шен лаамехь дарж охьадуьллуш кехат яздина, хаам бина пIераскан дийнахь "Интерфакс-Юг" агенталло, шайн хьостан информацица. "Финансийн урхаллан куьйгаллера дIаяла лаам хилла Плиеван. Кехат чуделла цо мехкан урхалле. Суна хетарехь, куьйгалхочо куьг таIийна цуьнан дехарна тIе", - дийцина агентелле. Кху шеран Охан-беттан юьххьехь хIоттийнера Плиева Лиана ханна министран декхарш кхочушдан. Хьалхо финансийн министр лаьттинчу Цечоев... Читать дальше...
Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь а, буса а коронавирусах кхелхина 7 дархо, ун даьлла кхин а 461 вахархочунна. Оперативан штабан зерашца, Дагестанехь велла кхо стаг, Краснодаран кIоштахь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а, Ставрополан кIоштахь а цхьацца велла. Верриг а Къилбаседа Кавказехь кхелхина COVID-19 вирусах 745 стаг. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан кIоштахь – 76: Ставрополан кIошт +76 (4 771 ву эпидеми яржичхьана) Дагестанехь... Читать дальше...
Кремлера Путин "эккхо" араваларна Оьрсийчоьнан Iедалхой тIаьхьабевлла лела Якутера шаман Габышев Александр политикан тутмакх ву аьлла, дIакхайкхийна бакъонашларъяран "Мемориал" Центро. Бакъонашларъярхошна хетарехь, шаман маршонех ваьккхина, цуьнан политикан а, динан а хьежамашна тIехула. "Исс баттахь бехкзуламан гIуллакхехула цунна дахка бехкаш цахиларо а гойту, иза бехке воцийла", - аьлла ду "Мемориалан" дIахьедарехь. Хьалхо Якутин цIарах Пачхьалкхан Думехь депутат волчу Тумусов Федота дехар динера... Читать дальше...
Гуьржийчоьнера хаам кхаьчна Оьрсийчоьне, харц документех пайдаэцаран гIуллах толлучу юкъанна Боков Васамбек шаьш лаьцнийла хоуьйтуш, яздо "Эхо Кавказа" портало. Меттигерчу полисхоша карарчу беттан 12-чохь лаьцна Боков, стаг вен кечамбарца доьзна гIуллакх толлучу юкъанна. Оьрчийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллана жоп делла Гуьржийчоьно, харц кехаташ лелош хиларца бехкевина 1982-чу шарера Боков Васамбек сацийна шаьш аьлла, билгалдоккху арахьарчу гIуллакхийн министралло. Хаамийн гIирсашкахь... Читать дальше...
ТIедогIучу кIиранах Ростовехь тIеман кхело бовзуьйтур бу Нохчийчуьрчу вахархочун Бекмурзаев Расамбекан хьокъехь шаьш бина сацам, яздо "Интерфаксо". 2000-чу шарахь Хьалха-МартантIехь кхо эскархо вийна аьлла, бехкевина иза бехккъасторхойн коллегино, яздо суьдан зорбанчаша. "Бехкзуламан гIуллакхехула шаьш дина хьесап дIахьедийр ду карарчу беттан 29-чохь", - аьлла ду бинчу хаамехь. Бекмурзаевна бехкедиллина бакъо йоцуш герз лелор а, эскархошна тIелатар а, герз а, тIеман гIирс а лачкъор а, талоралла а. Читать дальше...