Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Нохчо Батукаев Iазиз бахьанехь экс-президент Атамбаев набахте хьажийна

Нохчо Батукаев Iазиз бахьанехь экс-президент Атамбаев набахте хьажийна

Маьрша Европа/Маршо Радион                                                                             гIиргIазойн меттан сервисан «Радио Азаттык»

Шайн пачхьалкхан президент лаьттинчу Атамбаев Алмазбеке набахтехь 11 шо, 2 бутт такхийта сацам бина кхело ГIиргIазойчохь. Амма дерзанза ду цунна дуьхьал айдина кхин а массех дов.

Атамбаев Алмазбек лаца а кхайкхош, уггаре хьалха цунна дуьхьалтоьхнарг дара цо 2013-чу шарахь Нарын гIаларчу набахтехь хан токхуш Iен нохчо, «тутмакхийн эла» Батукаев Iазиз хеназа маьршаваккхар. Оцу бахьаница хан а тоьхна экс-президентана.

Батукаев вина 1966-чу шарахь Чуй-кIоштарчу Токмак гIалахь. Набахтешкахь а, тутмакхаллера бевллачу а нахалахь цуьнан цIе гIараелира 1990-чу шерашкахь. 2006-чу шарахь хан туьйхира Батукаевна набахтехь такха 17 шо ца кхоччуш. Стаг верца а, герзаш лелорца а, нах харцоне ийбарца а доьзна дара и таIзар. Цунна набахтехь яккха елла хан чекхъяла езаш яра 2021-чу шарахь.

2013-чу шарахь, «дарба доцу цамгар кхетарна» хоьцу аьлла,  Нарынерчу набахтера дIахийцира Батукаев. Iалашван тIехIиттийна нах а болуш, Бишкеке а вигина, цигара кеманца Соьлжа-ГIала (Нохчийчу) дIахьажийра иза. Амма 2019-чу шарахь ГIиргIазойчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло рогIехь талла айдира Батукаев низам а дохош набахтех мукъавалийтарх долу дов. Оццу муьрехь, лерина операци вовшах а тоьхна, полици а, Атамбаевн агIо а вовшех а леташ, ша вина а, вехаш а йолчу Кой-Таше юьртахь лецира тутмакх мукъаваккхарна бехкевина экс-президент.

Бишкекерчу цхьана кIоштан кхелехь хатта дезаш ду кхин а массех дов, жоьпе озийначаралахь ву оццу кхело хIинцалерчу шен сацамца таIзаре верзийна волу Атамбаев а. КхидIа луьстучу девнашкахь цуьнга хаттам бийр бу ГIиргIазойчоьнан бехктакхаман кодексерчу «Стаг вер», «Нах закъалте лецар» цIе йолчу зуламашца доьзна.

 

Тоьхначу хенах а, листа долийначу кхечу девнех а лаьцна хетарг довзийтира журналисташна инарлас, Атамбаевс пачхьалкхах куьйгалла дечу муьрехь премьер-министр лаьттинчу Кулов Феликса:

– Цуьнан бехк буьззина гучубаьккхина аьлла ца хета суна. Цхьаъ делахь, Атамбаевна дуьхьал тоьшаллаш динарш Атаханов Шамил а [экс вице-премьер], Рысалиева Зарылбек а [карарчу хенахь –Парламентан депутат] бен вац. Амма Атамбаев президент а волуш, цо соьга аьлларг дара: «Атаханов веанера тIе, цо бохура соьга, Батукаев толур воцчу лазаро лаьцна ву, цу тIе, ГIиргIазойчохь шиъ ву «тутмакхийн эла», иза вайна дика дац. Батукаевс цхьа а ца вийна, цундела иза дIахеца мегар дара». Ас элира Атамбаевга: «Зама яьлла, Алмаз, дийцарх хIун хуьлу? ДIахецахь – дIахецна хир ву-кх, низам дохийна дацахь». «Ца дохийна низам», - элира цо. …Суна хетарехь, цхьана а президента, мел Iовдал иза хилча а, эр дац, лаахь а, ца лаахь а, дIахеца, дохаде низам, ахча схьаэца. Иштаниг хуьлийла а дац! Со ца теша цунах. Кой-Ташехь лелларг [Атамбаев лаца Iедал деъча, цо а цуьнан гергарчара а, хано а дуьхьало яр] - иза кхин ду. Оцу бехках, кхеташ ду, хала хир ду цунна кIелхьарвала.

Атамбаев Алмазбекна а, цуьнан иттех сов агIончина а талламо дуьхьалдаьхна нах байъар, закъалте лецар, Iедалан белхахошна кхерамаш тийсар, кхидолу а массех зулам.

Эксперташна хетарехь, Атамбаевна тухур йолу хан совъер ю, хила езачу кхелийн тергойича: Кой-Таше экс-президент лаца бахначу «Альфа» тобанерчу бIаьхойх вийра цхьаъ, ялх Атамбаевн хIусамехь лецира закъалте.

1990-чу шарера схьа ГIиргIазойчоьно 5 президент хаьржина шена. ШолгIа президент Бакиев Курманбек кхело бехкевина массех зулам талхорна, кхайкхийна цунна набахтехь такха 30 шо. Амма махкара ведда, каронза ву пачхьалкханна Бакиев.

Ткъа Бакиевл а хьалха президент лаьттинчу Акаев Аскаран зудчунна Акаева Майрамна дуьхьал дов айдира, массех зулам а дина, 64 миллион гIиргIазойн соьманна ($850 000) зен а дина цо аьлла. Амма хууш дац айдинчу бехктакхаман гIуллакхах хIун хилла.

Политологна Акматов Айдынбекна хетарехь, Атамбаев Алмазбек набахте ийзор доладелла цунний, таханлерчу президентана Жээнбеков Сооронбайний юкъа дов эккхарца.    

–Коьрта бахьана царна юкъа дов долар ду.  Кхета вай, дика дац криминалан авторитет дIахецар, конституци а, кхидолу низамаш а талхор ду иза. Батукаев дIахецна Атамбаев резахиларца. Делахь а, вайна иза хаьа, ши доттагI, хилла президент а, верг а, вовшашца иэгIар бахьана долуш.

Батукаев Iазиз набахтера дIахецарца доьзна хенаш кхайкхийначаралахь ву ГIиргIазойчохь набахтех куьйгалла деш хилла Качкыналиев Калыбек а, мехкан гематологин центран куьйгалхо лаьттина Раимжанов Абдухьалим а. 5 миллион гIиргIазойн сом гIуда тоьхна инарла прокурор Iийначу Джолдубаева Индирина а.

Ша Атамбаев Алмазбек реза ца хилла Батукаев Iазиз мукъаваккхарх лаьцна дареш дала я таллам дIахьош а, я кхел йоьдуш а. Ца аьлла цо кхелехь шена ала бакъо йолу «тIаьххьара дош» а. Вац иза Кой-Ташера гIаттам луьстучу кхелехь дакъалоцуш а.

Кхелан куьйгалхочо Каипов Эмилбека бинчу сацамо дIадаьхна Атамбековна Iедало дина хилла совгIаташ – орденаш, мидалш, «президентан сахьт». Цул сов ваьккхина бахамах иза а, цуьнан гергарнаш а: 5 езачу машенах, массех хIусамах, дуккха а лаьттан дакъойх, банкийн а, фирманийн а акцех.

Материал хIоттийна «Радио Азатыкан» материалашна тIехь.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Город, где хочется остаться: как девелоперы создают комфортное пространство в рамках проектов комплексного развития

Концерт домры и органа в усадьбе Кусково: новый взгляд на традиционные инструменты

Выставка советских киноплакатов пройдет в НГХМ

Как на дрожжах. Почему количество сдавших ЕГЭ на высокие баллы увеличилось

Музыкальные новости

В столице Бурятии в городе Улан-Удэ в театре кукол «Ульгэр» 14-16 июня пройдут «Волшебные выходные»! - Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети

Группа Metallica даст виртуальный концерт в Fortnite 22 июня

Первый Международный фестиваль «Мир классического романса»

Неблагодарный батька или о чем говорил президент Белоруссии с делегацией Азербайджана?

Новости России

Летнюю подработку в Подмосковье нашли более 6 тысяч подростков

Работы по ремонту детского сада на улице Строителей в Реутове завершены наполовину

Как на дрожжах. Почему количество сдавших ЕГЭ на высокие баллы увеличилось

Иномарка насмерть сбила девушку в Москве

Экология в России и мире

Компания ICDMC презентовала свой первый уникальный БАД

Концертный директор для музыкантов. Концертный директор для певцов. Концертное агентство в Москве. Букинг агентство. Организация концертов и гастролей.

Местные жители заполнили пляж, пытаясь выгнать оттуда туристов на популярном курорте: отдыхающие напомнили им, откуда они получают зарплату

Звезды оперной сцены представят I Международный фестиваль «Мир классического романса»!

Спорт в России и мире

Скачков и Тайлакова выиграли соревнования по настольному теннису на Играх БРИКС

Россиянка Людмила Самсонова выиграла турнир WTA в Хертогенбосе

Лучший теннисист Казахстана узнал позицию в обновленном рейтинге ATP

Теннисистка Самсонова вышла в финал турнира в Хертогенбосхе

Moscow.media

Прогулка по Москве 1962 года

Как Россия уступила Азербайджану значительные территории Дагестана и два села

Bluetooth-сканер штрих-кодов SAOTRON P04 на базе CMOS-матрицы

В России запустили бесплатного цифрового ЗОЖ-помощника







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *