Нохчийчохь кхин а цхьаъ велла коронавирусан уьнах
Нохчийчохь коронавирусан инфекцех кхин цхьа стаг велла аьлла, хаамбина мехкан могушалла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана.
ТIаьххьарчу информацица, Нохчийчохь лоьраша зуьйш ву 3 826 пациент. COVID-19 вирус кхетта ву 1 677 дархо. Товелла, карантинера дIаваьккхина 1 181 стаг. Верриг и уьнах кхелхина Нохчийчохь 22 дархо.
Министро юха а кхайкхам бина меттигерчу бахархошка, масканаш лелоран а, социалан дистанци ларъяран а, кхин долу санитаран хьелаш Iалашдаран а мехаллех.