Къилбаседа Кавказ: COVID-19 вирусах кхелхина 8 дархо, ун даьлла 484 стагана
ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь кхелхина 8 коронавирусан ун даьлла стаг, инфекци яьлла кхин а 484 стагана. Эпидеми ца яржийта вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Ставрополан махкахь а велла шишша дархо, Краснодаран кIоштахь а, Нохчийчохь а цхьацца велла. Верриг ун даьржичхьана велла Къилбаседа Кавказехь 761 COVID-19 вирус кхетта стаг. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца, къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан кIоштахь - 98. Читать дальше...