Нохчийчохь еллачу Умаева Мадинин нанас къинтIера баьхна шена цуьнан марзой
Кху беттан 12-чохь марзойн хIусамехь еллачу Умаева Мадинин нанас Довлетмирзаева Хутмата шен невце Хамидов Висхьаьжига шена гечдар дехна. Видео "Чечня Сегодня" агенталло зорбане яьккхина.
Хамидовна а, цуьнан гергарчарна а хьалха бехказайийлина зуда, шен йоI цуьнан хIусамдас йийна, ткъа цуьнан наха зулам къайладаьхьна аьлла, шеконаш кхоллаяларна
"Шуьга массаьрга а сайна гечдар деха еана со. ШайтIано Iехийнера со, эдадиташка ла а дийгIина", - боху йоьIана нанас, ХамидовгIеран кертахь.
"Тхо девлла-кх хьуна къинтIера, Дела а волийла хьуна къинтIера", - жоп ло цунна Хамидов Висхьаьжин нанас.
Довлетмирзаевга хоьтту, хьан аьллера хьоьга йоьIан дакъа хьаладаккхийта. Вукхо жоп ло: "Массара а бехира" олий. "Вай бертахь хир ду, вайн берийн бераш ду, церан терго ян еза вай", - аьлла, тIетуху Довлетмизаевас. Церан кертара арайолуш, мара кхета Хутмат.
Билгалдаккха догIу, Хамидов Висхьаьжа хиина вара шен хиллачу стунананна хьалха. Нохчийн гIиллакхашца стунанна йолчахь охьахууш дац невцан.
23 шо долчу Умаева Мадинина эксгумаци яйтира талламан комитетан сацамца а, йоьIана ненан тIедилларца а. Довлетмирзаева Хутматна хаа лиира, мича бахьанашца елла шен йоI, иза дIайоллар сихдарна. Буьйсанна юккъехь дIайоьллина хиллера иза. Дийнахь жимчу зудчун дов даьллера шен майрчуьнца, берийн ахчанах цо телевизор эцарна бохуш, яздора хаамашкахь.
Еллачух бинчу талламийн жамIаш дерриш а кийча дац хIинца а. "Грозный" ЧГТРК-н эфирехь дийцарехь, цуьнан дегIахь хьоьвсичу паталогоанатомашна бертаза йийна хиларан бахьанаш ца карийна.
Ткъа дIайоьллина йоI хьалаяьккхинчул тIаьхьа нанас дIахьединера, дегIаца чов а яра, марчу тIехь цIий дара аьлла.
Гуьмсехь шина а агIонан нах вовшахтоьхначу Кадыровс дIахьедира, йоI йийна алла цхьана а кепара тоьшаллаш дац Довлетмирзаеван аьлла.
Мехкан куьйгалхочо хуьлуш хIума ду элира, доьзалехь тохар а, Iоттар а.
"Марехь девнаш а хуьлу, къийсамаш а хуьлу, майрчо тухуш а хуьлу", - аьлла, дIахьедира Кадыровс.
Регионан куьйгалхочунна хьалха а гечдар дийхира Умаева Мадинин нанас.