Къилбаседа Кавказ: COVID-19 вирусах кхелхина 8 дархо, ун даьлла 484 стагана
ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь кхелхина 8 коронавирусан ун даьлла стаг, инфекци яьлла кхин а 484 стагана. Эпидеми ца яржийта вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Ставрополан махкахь а велла шишша дархо, Краснодаран кIоштахь а, Нохчийчохь а цхьацца велла.
Верриг ун даьржичхьана велла Къилбаседа Кавказехь 761 COVID-19 вирус кхетта стаг.
ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца, къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан кIоштахь - 98.
Ставрополан кIоштахь̆ +98 (4 973 эпидеми чуеачхьана)
Кхарачой-Чергазийчохь+ 74 (3 379)
Дагестанехь + 71 (7 707)
Краснодаран кIоштахь̆ + 59 (5 860)
ГIебарта-Балкхаройчохь+ 54 (4 905)
Адыгейхь + 49 (1 795)
Къилбаседа ХIирийчохь+ 25 (3 960)
ГIалмакхойчохь +20 (1 462)
ГIалгIайчохь + 17 (2 995)
Нохчийчохь + 17(1 694)
Верриг а Къилбаседа Кавказехь цомгаш хиллера 37 328 вахархо. Оперативан штабан статистикаца, Оьрсийчохь COVID-19 вирус къаьстина 634 437