Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Трамп: Американ эскархой байъинчу тIалибашна Оьрсийчоьно ахча лора бохург бакъ ца до талламчаша

 


ТIалибашка мехах зуламаш дайта барт хилла Оьрсийчоьнан бохург бух болуш информаци яц аьлла хета Американ къайлахчу сервисна, цундела цо иза ца кхачийна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенте а, вице-президенте а. Иштта яздина президента Трамп Доналда шен твиттерехь кIиранан буса.


Хьалхо The New York Times газето хаам баржийра, Цхьаьнатоьхначу Штатийн къайлахчу сервисна тIе а тевжаш, ОвхIанистанехь Американ эскархой баъарна Москвано ахча луш хилла тIалибашна, аьлла. Амма Мангал-беттан 28-чу дийнахь КIайчу ЦIийно дIахьедира, оцу хьокъехь къайлахчу сервисо бина бац хаам я президенте Доналд Трампе а, я вице-президенте Пенс Майке, аьлла.


«Оьрсийчоьнца боьзна кхин цхьа аьшпаш» цIе тиллина Трампа New York Times-о арахецначу хаамна. Президента бахарехь, фейк-хаамашца "республикан партера нах Iовдалш хетийта" гIерта газета.


Цунах тера хьажам бу газетан хааме Оьрсийчоьнан дипломатин министраллехь а. Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу Оьрсийчоьнан векалто дийцарехь, журналисташа яздинарг бахьана долуш, кхерамаш тийса болийна Штаташкарчу цуьнан белхахошна.


"ТIалибано" а харцбина, Американ эскархой байъийта гIерташ лелла Оьрсийчоь, аьлла баьржина хаам.



Чиллан-беттан 29-чу дийнахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, "Талибано"а куьйгаш яздина машар бечу документашна кIел. Цаьрца а догIуш, Штатийн эскарш арадевр ду ОвхIанистанера 14 батта чохь. ТIалибаша шайн агIор чIагIойина шаьш доладечу кIошташкахь террорхошна Iойла ца йита а, пачхьалкхарчу Iедалца бертан къамелаш дIадахьа а.
Зазадоккху-баттахь долийра ОвхIанистанера Американ эскарш арадаха. Нагахь санна тIалибаша барт боха ца бахь, 10 бутт баьлча мукъа хир ду овхIанхойн латта Цхьаьнатоьхначу Штатийн эскарех.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *