Абдурахманов Тумсон ваша Мухьаммад хилла вац даIишхошкахьа, боху Германерчу кхелан сацамо
Иштта хаам бина Кавказ.Реалиига ша Абдурахмановс. Йийцрейийраш яра Израилехь эскархоша шайна дуьхьал оьккху шиша ласторна беранна тIе жIаьла лоьллуш яьккхина ши видео а, Deutsche Welle газето арахецна "Стенгара долу герз ДАIИШ-ан тIемалошна" цIе йолу хаам а. Абдурахмановс, ша и материалаш шен Фейсбук-агIонтIе хIиттош, яздина хиллера: "Ца хаьа, хьан, хIун, стенга кхоьхьуьйту, амма суьрта тIехь ерш Калашниковн автоматаш-м ю", аьлла.
"Кхелахо а, прокурор а ас цхьа а зулам дина дац бохучу тIехь вара. Deutsche Welle хаамца цхьа а ант дац террористал къобалбо ала, цу тIе, къаьсташ а яц суьрта тIехь ас гойтуш ю баьхна ДАIИШ-ан байракх", - дийцира Абдурахмановс.
Бехкеварца доьзна а, кхелашка лелаш а дайиъина ахча пачхьалкхо меттахIоттор ду бакъоларъярхочунна.
Дуьйцу зулам дина аьлла, 1350 евро гIуда тоьхнера Абдурахмановна хьалхо иза вехачу къоштарчу кхело. Иза харцо ю, мухIажире IаIалур дац оццул ахча, чIагIдора цо. Цул сов, цIера гаджеташ а, флешкартанаш а даьхнера цуьнгара Iедало.