Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Август
2020
23

Новости за 12.08.2020

Radiomarsho.com 

Социалан машанашкахь вон хьехочу куьйгалхойн могIарахь лидершна юкъахь ву Кадыров

Оьрсийчуьра губернаторш социалан машанашкахь вон хьехор толлуш хIоттийначу антирейтинган топ-10 декъа кхаьчна Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан кхушеран Товбеца-баттахь. Наха цIерш вон яхарца хьалхаваьллачу итт губернаторна юкъахь Къилбаседа Кавказерчу мехкийн куьйгалхойх иза цхьаъ бен а вац. Рейтинг хIоттийнарш бу Политикан конъюнктурин центран эксперташ. Таллам дIахьош цара зийна хьал 8 платформица, яздо "Актуальные комментарии" портало. Дикачу агIор хьехор къастош динчу жамIехь 84-гIа ву Кадыров... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь коронавирус бен цамгар а ца лору, Аусбурган кхело Абдурахманов зуламхо а ца лору

Коронавирус йолучо бен ма кхойкхийла шена тIе лоьраш, аьлла Кадыровс; Германерчу кхело Абдурахманов зуламхо ца лору; "Пачхьалкхан къайле ястарна" лаьцна Петербургера видеоблогер-критик

Radiomarsho.com 

”Пачхьалкхан къайленна тIаьхьакхиарна” кхела кIел хьош ву блогер”

Москварчу кхело лаца кхачийна, низам а талхош, пачхьалкхан къайленна тIаьхьакхиарна Петербургера видеоблогер Пыж Андрей (YouTube-хь 780 эзар хьажархо волу иза вевза ”Андрей МШ” цIарцIа). Хаам баржийнарг ю “Открытые медиа” портал. 35 шо долчу Пыжа видеорепортажаш йохура индустрин, транспортан бахамашкахь, пачхьалкхо тесна йитинарш а хуьлура царалахь. Шен сюжеташкахь иза нислора 90-чу шераш йина йина яккхаза йитинчу Нижний Новгородерчу зарратан станцехь, Москварчу, Петербулгерчу метрон къевлинчу зонашкахь, Чернобылехь, иштта кхечу объекташкахь.

Radiomarsho.com 

Кадыровс коронавирус кхетта воцчунна ца магадо лоьрашка орца деха

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхайкхам бина махкахошка, коронавирусца йоьзна йоцу цамгар бахьанехь телефонехула лоьраш цIа ма беха, аьлла. Цо бахарехь, "иштачу наха шайн могашалла кхерамна кIел юьгу". "Деха лаьа бахархошка, хьолах пайдаэца ма гIерта, хIунда аьлча, кхайкхинчу 100-ннах 30% коронавирус шайх хьакхаелла ца хуьлу. Кхойкху маьхза шаьш лоьрашка зейта. Оцо халчу хьоле боккху ишта а хала бохкучу лоьрийн болх", - аьлла Кадыровс, яздо "Чечня сегодня" портало. Шен кхайкхам мехкан... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Абдурахманов Тумсон ваша Мухьаммад хилла вац даIишхошкахьа, боху Германерчу кхелан сацамо

Видеона репост ярна а, Deutsche Welle газетера хаам шен фейсбук-аккаунте хIотторна а бехкевеш хилла нохчийн бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацин Германера векал Абдурахманов Мухьаммад (вевзаш волчу блогеран Абдурахманов Тумсон ваша) хIуманна а бехке вац, аьлла, сацам бина Аугсбург гIалин кхело. Иштта хаам бина Кавказ.Реалиига ша Абдурахмановс. Йийцрейийраш яра Израилехь эскархоша шайна дуьхьал оьккху шиша ласторна беранна тIе жIаьла лоьллуш яьккхина ши видео а, Deutsche Welle газето арахецна "Стенгара... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Белоруссехь лелачу харцонашна реза яц Европа

Европан Барто санкцеш яха тарло Белоруссехь чекхбевллачу харжамашкахь харцо лелорна резабоцу бахархой таIзарна кIел латточу куьйгалхошна дуьхьал, аьлла ша динчу дIахьедарехь Евробартан арахьарчу политикан урхаллин куьйгалхочо Боррель Жозепа. ТIаьххьарчу кIиранан дийнахь Белоруссехь бирзинчу президентан харжамашкахь, официало бахарехь, тоьлла 1994-чу шарера дуьйна схьа президентан дарж шегахь латтош волу Лукашенко Александр. Амма и харжамаш бацара я нийса дIабаьхьина а, я маьрша а, я пачхьалкхаша ларъян езачу стандартаца богIуш а... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *