Вайнехан диаспорас кхайкхамбина Мисаран Iедале, лецна ГIалгIайчуьра кегийрхой маьршабаха аьлла
Бух болу бехкаш дахканза, кхайкхийна сацам а боцуш ГIалгIайчуьра кегийрхой КъахIирерчу набахтехь болу шо а ду аьлла, дIахьедина Европерчу диаспоран векалша,яздо "Кавказский узел" агенталло.
Нохчийн диаспоран декъахоша доьху Европерчу мехкашкахь бехачу вайнахе гIалгIайн студенташ лаьцна ши шо кхочучу денна лерина шаьш дол-долчахь акцеш дIаяхьар. Цкъачунна Парижехь хилла цу кепара гулам. Нохч-гIалгIайн диаспорера 30 гергга векалш гулебеллера Францерчу Мисаран векалтна халха, Плиев Рамазан а, Чемурзиев Исмаил а, Аушев Илеза а, Дзейтов Iела а маьршаваккхар тIедожош.
Ал-Азхар университетехь доьшуш волу Аушев Илез, Дзейтов Iела, Чемурзиев ИсмаьIал, Плиев Рамзан бехкево КъахIиро экстремизм яржорна. 2019-чу шеран аьхка лийцира уьш. Цаьрца цхьаьна лаьцначу пхоьалгIачух, Дугиев Хизарх, хилларг дац хууш тахана а.
ТIаьххьарчу информацица, Мисаран Iедалхоша Гезгамашин-беттан 13-чу дийне кхаччалц уьш чохь буьтуш хан дIаяхйина.