Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Август
2020
23

Новости за 18.08.2020

Radiomarsho.com 

МасхадогIарна ницкъбар, ГIалгIайчохь полисхошна герздеттар, Шемара бераш цIадалор

Вийначу Ичкерин президентан Масхадов Асланан хиллачу хадархочо, йишин кIанта Хаджимурадов Висхана интервью елла нохчийн "Грозный" телеканална; ГIалгIайчуьрчу Галашкехь муьлш бу ца хуучу наха герзаш диттина полисхошна; Шемара 26 бер далош кема деана Подмосковье

Radiomarsho.com 

Летачу хенахь Карелера спецназхо валарна дов хоттуш ду Нохчийчуьрчу полисхочун

Карелера еанчу спецназан декъахо ларамза верна бехкевечу Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан патрулан-постан  гIуллакхдархочун Зубайраев Хизиран дов хатта долийна. Бакъоларъяран "Зона права" проекто бина и хаам Кавказ.Реалии портале, веллачун доьзало лаьцначу адвокатан Сабинин Андрейна тIетевжина. ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Нальчик гIалин кхело листа долийна гIуллакх. Тахана, шинарин дийнахь кхайкхийна кхеташо дIатеттина Гезгамашин-беттан 1-чу дийне, аьлла адвокато. Стохка ГIадужу-баттахь хилла ю юьйцу инцидент... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

" Тумсон эфирашка хьийса магийна Кадыровс ". Абдурахманов Мухьаммад: Нохчийчуьра информацин тIом

Абдурахманов Мухьаммад Швецехь схьайиллинчу "Вайфондан", нохчийн бакъоларъяран ассоциацин векал ву. Шен вашас, Нохчийчуьрчу Iедална критика ечу видеоблогера Абдурахманов Тумсос а санна, даймахкахь шена ваха кхераме хиларна тховкIело ехна цо Европехь. Деношкахь Германино тIерабаьккхина экстремизман материалаш яржорна, аьлла, цунна тIебаьхьина хилла бехк. Deutsche Welle газето "ДАIИШ-на герз хьан латтадо?" цIе а йолуш арахецна хаам а, цхьаьнхьара схьаэцна зуламе видео а социалан машанехь шен агIоне яхкарна бехке вора иза. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах 7 дархо велла, цомгаш хилла кхин а 378

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусах ворхI дархо кхелхина, ун даьлла кхин а 378 вахархочунна. Эпидеми ца яржийта Iалашонца кхоьллинчу оперативан штабо дIахьедарца, Ставрополан махкахь велла кхоъ, Краснодаран кIоштахь шиъ, ГIалмакхойчохь а, Адыгейхь а цхьацца кхелхина. Верриг а Къилбаседа Кавказехь хIинцале а велла COVID-19 вирусах 1 111 стаг. Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан кIоштахь - 138 стаг: Ставрополан махкахь +138 (10 345 ву эпидеми чьржичхьана)​ ... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шемара Оьрсийчу далийна Къилбаседа-Кавказерчу бахархойн 26 бер

Шемара 26 бер далош догIу кема оршотан буса Подмосковьерчу Чкаловн цIарахчу аэродромехь охьадоьсина. Коронавирусан пандеми яьржичхьана, тIеман министраллан  хьалхара рейс ю иза, яздо "Интерфаксо". Оьрсийчу кхачийна бераш дIасалур ду Дагестанерчу а, ГIалгIайчуьрчу а, ГIебарта-Балкхаройчуьрчу а церан гергарчу нахе аьлла, агенталле дийцина Оьрсийчуьрчу берийн бакъонаш Iалашъечу Кузнецова Аннас. "Пансионате дIадуьгуш ду хIинца 26 бер. Цигахь ши кIира хан йоккхур ю цара. Церан гергара нах а хир бу цаьрца цхьана. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Вайнехан диаспорас кхайкхамбина Мисаран Iедале, лецна ГIалгIайчуьра кегийрхой маьршабаха аьлла

Европерчу вайнехан диаспорас Мисаран Iедалхошка кхайкхамбина, лаьцна латтош болу ГIалгIайчуьра студенташ маьршабаха аьлла. Бух болу бехкаш дахканза, кхайкхийна сацам а боцуш ГIалгIайчуьра кегийрхой КъахIирерчу набахтехь болу шо а ду аьлла, дIахьедина Европерчу диаспоран векалша,яздо "Кавказский узел" агенталло. Нохчийн диаспоран декъахоша доьху Европерчу мехкашкахь бехачу вайнахе гIалгIайн студенташ лаьцна ши шо кхочучу денна лерина шаьш дол-долчахь акцеш дIаяхьар. Цкъачунна Парижехь хилла цу кепара гулам. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Сунжа-кIоштахь бевзаш боцчу наха герзаш диттина полисхошна

ГIалгIайчуьрчу Галашкехь муьлш бу ца хуучу наха герзаш диттина ницкъаллийн структурийн белхахошна тIе. Оршотан суьйранна хилла ю инцидент. Масех стагах лаьттачу тобано тIелатар динера хьуьнхахь лаьттах доьллина герз карийначу полисхошна, хаамбина "Интерфаксо" шайн хьосташна тIетевжина. Юьртахь детта герзаш дара схьахезаш, яздо ТАСС агенталло а. ГIалгIайчуьра Сунжа кIоштан цхьа ах гоне ерзийна. Лазийна, вийна стагга а вуй цкъачунна хоуьйтуш дац. Хиллачу инцидентах еш комментари яц  ницкъаллийн структураша. Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *