ЦIий Iаьнна ГIалгIайчохь: герзан а, уьрсан а чевнаш хилла иссанна
Шинарин дийне баьллачу къовсамехь дакъалаьцна уьрсашна а, герзашна а тIебевллачу наха. Кеп-кепара чевнаш хилла щина а агIонна: Ферзаули доьзалера лазийна Iаьрби, Iаьлви, Ренат, Салман, ХациевгIарех чевнаш хилла ву Iумар, Руслан, Ризван, Ахьъяд, иштта Альтемиров Вахита а.
Лазийнарш Шолжерчу кIоштан дарбан цIийне дIакхехьа болийча, цига дIахьалхина шина а агIонера гергарнаш. РогIера летарш хIиттийна цара цигахь. Лазийна кхин а кхо довхо.
"Лиэта нах 200-не а кхочур бара, ткъа уьш совцо бацара ницкъ тIекхаьчначу полисхойн, дийзира Росгварди яло. ХIинца Iедалан ницкъаша ларъеш ю дарбан хIусам", - дийцира Кавказ.Реалиига ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу хьостанаша.
Дов долийнарш билгалбохуш ю полици.