Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах велла 6 стаг, цомгуш хилла кхин а 406
Краснодар-махкахь кхелхина кхо пациент, Ставропол-махкахь – шиъ, Адыгейхь – цхьаъ. Верриг а уьнах велларг ву Къилбаседа Кавказехь, штабан хаамца, 1127 стаг.
Дийнахь-буса а, юьхьанца схьа а цомгуш хилларш:
Ставропол-мохк +127 (11 247)
Краснодар-мохк + 86 (10 681)
Дагестан +65 (10 586)
Кхарачой-Чергазийчоь +30 (4860)
ГIалгIайчоь +27 (4232)
ГIебарта-Балкхаройчоь +19 (6377)
Адыгей +19 (3273)
Къилбаседа ХIирийчоь +17 (4804)
ГIалмакхойчоь +9 (3784)
Нохчийчоь +7 (2240)
Къилбаседа Кавказехь коронавирусах цомгуш хилла лору официало 61 695 стаг. 966 189 ду и терахь ерриг а Оьрсийчохь.