ГIалмакхойчохь 1-чу а, 11-чу а классашкара бераш бен дуьтур дац школашка Дешаран Де даздан
"Бераш арахь, мохехь гулдийр ду Дешаран Дийнехь дакъалаца. Оха доьхур ду дай-наношка, гергарчаьрга, масканаш лелор а, берашна юьстах совцар а. Цул тIаьхьа догIур ду школе кхечу классашкара бераш, Толаман 75 шо кхачар билгалдоккхуш, классаш чохь дарс дIахьор ю царна. Амма дукхахйолчу классаша и болх онлайн кепехь бан лерина", - элира Санджарыковс.
Марсхьокху-беттан 21-чу дийнахь мехкан куьйгалхочо Хасиков Батус арахецначу омрано доьхку ГIалмакхойчохь адам гулдеш барамаш хIитто. Школашна магадо берийн хьалхара гуламаш вовшахбетта.